Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхаша лаххара а 100 эзар стаг тIеэцар Iалашонца алсамяха еза мухIажираш тIеоьцу квоташ аьлла дIахьедар дина Европан Кхеташонан куьйгалхочо Туск Доналда.
Цул совнаха, цунна хетарехь, Европана арахьа кхолла еза мухIажираш тIеоьцу центрш. Лаххара а 100 эзар мухIажар Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашна юкъахь нийсонца векъар ду дан дезарг, бохуш вара иза Брюсселехь, Венгрин премьер-министрца Орбан Викторца цхьаьна зорбан конференци дIахьош.
Орбан дIахьедар дира Европера нах кхерамах буьзна бу, цкъа а цахиллачу кепара мигранташ тIегIортарна аьлла. Венгрин премьер-министр Бюсселе вахана Будапештехь вокзалехь IаьIна ши эзар гергга мухIажир а волуш.
И нах цига кхаьчна коьртачу декъана Гергарчу Малхбалера а, ОвхIанистанера а. Евробертан декъашхоша дIахьедар дина Италера а, Грецера а 32 эзар стаг тIеэца кийча ду шаьш аьлла.