Коммуналан декхарш лехьош ю "Чеченводоканал"

Рейдаш а хьош, нахера йолан ахча схьалехьош бу «Чеченводоканалера» хилатторхой. КIиранах лелар бу уьш бахархошкара декхар дIалахьош. Ахча доцучийн хIусамашкара хи дIахедадо Iедалхоша, бохуш, леткъамаш бо наха. Иштта декхарш дIалахьо арабуьйлу кест-кеста серло, газ латточу урхаллашкара белхахой а.

20 миллиард сом гергга декхаре лору Нохчийчоь коммуналан хьелашна. Доккхах дакъа ду махкана цигахь Кремло ши тIом дIахьош тIедоьжна. И ахча тIерадаккхар дехна Кадыровн администрацино дуккхаза а, амма ца даьккхина махкана тIера.