Чекхбаьллачу Марсхьокхучу-беттан 19 дийнахь бина сацам хIинцца бен гIарбаьлла бац юкъараллехь.
И сацам боьзна бу «Деле доIа: цуьнан маьIна а, исламехь цуо дIалоцу меттиг а» цIе йолу аятех, пайхамаран хьадисех (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаьтташ йолу жарга Къилба–Сахалин гIалин суьдо экстремистан хьу-чулацам болуш ларар.
Низаман говзанчашна бехке хеттарш ду КъурIан тIера хIара аяташ: «ГIо хьоьгара а лоьху оха, и хиларе са а туьйсу» («Аль-Фатихьа» сура юкъара), кхин а “Шаьш доьхучу хенахь АллахIе бен ма дехалаш, деха а, кхайкха а, Iибадат дан а хакъверг и ву» («Аль-Джинн» сура юкъара).
Оьрсийчохь яьлла ца Iаш, шена гонаха йоккха гIовгIа яьлла, бийцаре беш бу и сацам Нохчийчохь а. Цу кепара бусалбан дин сийсазбан санна и тайпа сацам бинарш шайтIанийн могIара хIиттош дIахьедар дина мехкан куьйгалхочо.
Оццул маьттаза сацам бинарш шайтIанаш дац бохурш а ду шайтIарчий аьлла Кадыров Рамзана.
Церан корматаллин балхаца доьзна сел юьхь ца еш,лерам боцуш суьдхой а, прокурораш а чехабар, цаьрга бехкаш кхийдор низамаца тарлуш дац Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран векална Гриднева Маринина хетарехь.
Къилба –Сахалинан гIалин суьдо бинчу сацамна дуьхьал арз-леткъам чубелла нохчийн адвокаташа. Суьдехь Кадыров агIор, цуьнан векал хила кийча волчу адвоката Чапанов Сайд-Мохьмада и сацам туьду питана таса гIертар санна. «Фаранцехь, «Шарли-Эбдо журнал бахьнехь хилларг, Къилба - Сахалинан суьдехь хиллачуьнга хьаьжча,хIумма а доцург ду.
Тахана уггар дезаниг, уггар перзаниг Делера доьссинчу КъурIан тIекхийда а боьлла. И муха кхето деза. Цо дика дохьур дац». Ишта дIахьедар дина юристо Чапанов Сайд-Мохьмада.
Бусалба нахана ламаз дар дехка гIертар санна кхетабо Къилба-Сахалинан суьдхочо бина сацам Саратов кIоштерчу адвокато Тугушев Равила.
«КъурIан исламан динан бух бу»,- боху Тугушевс, «кхузара Оьрсийчуьра бусалбан дин дIадаккха гIертар санна тIеоьцу цхьаболучара суьдо бина сацам».
Къилба-Сахалин гIалин суьдо КъурIан тIера аяташ бахьнехь бина сацам йокъаллехь яьлла цIе санна гIарбаьлла юкъараллехь. Цунах хаам Iорабаьлчахьана бендацарийн йийсарехь ца дисна адам. И шен лере кхаьчхьана а доза а доцуш холча хIиттинчех ву Теркйист кIоштера Iеламстаг Лечиев Шаид.
Хадам боллуш атта хIума олуш воцчу цо а билгалдаьккхира Малхбалехь суьдхочо бина сацам бусалбан дине хьагIа-гамо, цабезам кхабар ду аьлла. Вуно маьIне, хьаса болуш цо динчу къамелан цхьа кийсик ялайо ас.
Шаид: «Iаьржниггий, кIайнаггий цхьаъ буй бос ? Бац. И ду-кх! Делах тешна доггий, тешаш доцурггий. Муха кхето деза? Царех хIун эр ду ахь шайтIа ца аьлла? Уьшша-м и аьлла битча доккха хIума а долуш ду иза-м. Цаьрга хIун дийца,муьлхачу Iилманца кхето деза цара динарг? Дала хьо шена везаш ца хилча кхуллур ма вацара ма боху.
Дала кхоьллина долу и адам деза ма боху хьоьга, уьш муьлш белахь а, хьаннах белахь а. Сахалинехь бина сацам, суна хетарехь, сецца цхьаъ ду-кх иза –дин дуьхьала мостагIалла ду-кх иза.
Церан болх питана тасар,хIаллаквар, тIаьхьалер… Цу аяташ бохург хIун ду? Варий экстермисташ а, зуламхой а ма хилалаш. Ияка накъбуду, ва иййака настаIийна ма боху вайн сийлахь КъурIан чохь. Везандела, хьоьга цхьангара гIо дуьху-кх оха. Кхин тхан ван ма вац. Хьо цхьаъ ма ву тха!»
Дукха бахархой тешна бу пачхьалкхан куьйгалхоша и питане сацам бина низамхой жоьпе ийзор бу аьлла а, и саннарг тIейогIучу ханна ца хилийта ладаме гIулчаш йохур ю аьлла.