Кадыров Рамзанан мостагIий

Ша дохучу а, шеца дохучу а девнашкахь тоьлаш схьавогIу Кадыров Рамзан цкъачунна.

Къилба-Сахалинерчу кхело Къуръанал аяташ листаран хьокъехь.

Кадыров Рамзан: «Iедалан урхаллаша догIучу низамашца и гIуллакх ца листахь, ас доьхур ду жоп, хIунда аьлча, Къуръанал деза, мехала хIуммаъ дац сан. Сайна чохь са мел ду ас чIагIо а йо КъурIан лардан. Оццул маьттаза сацам бинарш къоман мостагIий бу, шайтIанаш ду, шайтIанаш дац бохурш а  ду шайтIанаш».
 

Кадыров Рамзан (2013):  «Роснефто» вуно кIезиг охьадуьллу ша тхан махкара доккхучу мехкадаьттан механ дакъа».

Сечин Игор (Кадыровх лаьцна):  «Кадыровга шегга сан хеттарш дац. Сан хеттарш ду, и хьекъална эшна хьайба куьйгалле хIоттийначуьнга». (Сечин Игор - мехкадаьтта доккхучу "Роснефть" компанин куьйгалхо)
 

 
 



 

Орлов Олег 2009 шо: «Кадыров Рамзана кхерамаш тийсина хиллера Эстемирова Натальина, сийсазъеш, шен мостагI ю аьлла дIакхайкхийнера. Тхуна ца хаьа, я  Кадыровс омра делла Эстемирова ен, я цуьнан уллерчу гоно Кадыровна томана йийна иза». (Бакъоларъяран "Мемориал" юкъараллан куьйгалхо)

Кадыров Рамзан 20I0 шо: «Хуьлийла иза Орлов,  хуьлийла иза зуда я борша стаг Гуьмса-кIоштан «Мемориалан» я кхечу муьлхачу а… Уьш сан агIончаш бац. Уьш къоман мостагIий бу, низаман мостагIий, пачхьалкъан мостагIий».
 

Кадыров Рамзан 2015 шо: «Хьекъалх эшначу леларца-аларшца ша шен гIуллакхаш талхийна Ходорковскийс. Бусалбачу нехан мостагI кхайкхийна цо ша. Сайн мостагI а лору ас иза». 

Ходорковский Михаил 20I5 шо: «Суна хези, ас тIе а леци Путин Владимирна тешаме агIончин кхерамаш. Парижехь диначу терроран зуламал къаьсташ бац Кадыровн кхерамаш. Цуьнан Iалашо - со кхерор, сан дош сацор. Амма ас селхана а аьлла, тахана а боху, тхо кхерадалур дац". (Мехкадаьтта доккху "ЮКОС" компанин куьйгалхо а волуш, набахте хьажийна, цигахь 10 шо даьккхина Ходорковскийс).
 


 

Парижехь «Шарли Эбдо» журналан белхахой байича,  «Эхо Москвы» радион сайтехь хаттар хIоттийра радион куьйгалхочо Венедиктов Алексейс: «Оьший те Парижехь зорбанан хаамаша шайн байинчу «Шарли Эбдо» журналан белхан накъосташна дуьхьал юха а яхка зорбане Мохьаммад-пайхамаран карикатураш?
 
Кадыров Рамзан 2015 шо: "Венедиктов Алексей халкъашна юкъа стим таса гIерта шен провокацин хеттаршца, со тешна ву, Iедало низаме ерзон еза радио, къоман барт эгIо гIерта иза, Iедало тергонза дитахь, карор бу Венедиктов жоьпе озонберш а».

Кадыров Рамзан (20I4): «И каляпин-маляпингIар, и Европерчу долларна бохкабелла нах, …Цара даймохк боьхкина…. Кху лаьтта тIехь хиллане хир яц шайтанан хьожа-мода йолу хIуманаш»

Каляпин Игор (20I5): «…Эстемирова а шен куьйга ма ца йийна Кадыровс, амма иза йийна Кадыровс цунна тIе гIакх хIоттийча». (Адамийн бакъонаш ларъечу "Iазапна дуьхьалояран комитетан" куьйгалхо). 
 

 

ТIаьххьарчу муьрехь хьалха хиллачул а алсам хаало пачхьалкхан лаккхара хьаькамаш,бевзашболу политикаш, журналисташ Нохчийчуьрчу ражан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца эгIаш.