Борз

Your browser doesn’t support HTML5

Борз

Борз

(Туьйра)

Дукхе-дукха хьалха, вайна дага а ца йогIучу заман чохь, дуьнен тIехь инзаре ирча мох баьлла хилла. Луьра хьоькхучу мохо дитташ орамашца схьадохуш, генна дIасакхиссира, лаьмнаш дохош, охьахерцийра. Хиш а, хIордаш а деста а дистина, аренашкахула даьржира.

Дуьнен тIехь мел йолу садолу хIума сабIарзделла хьийзара, едда кIелхьараяла гIерташ, дIалачкъа меттиг лоьхуш. Цхьа борз яра паргIат, и ца кхераелира инзаре нуьцкъала хьоькхучу мохах, и цхьаъ яра цунна дуьхьал яьлларг. ОьгIазе цIогIа детташ, тIера цIока дIасаийзош, цIийш дIатуьссуьйтуш, ницкъ бира мохо барзана. Амма борз меттах ца елира: курра корта хьалаайина, когаш ондца лаьттах чубахийтина, цуьнан ницкъ шен дегIаца дIахудуш, дуьхьало йора цо махана.

Цхьа хан-зама яьлча, цкъа а хIумма а ца хилча санна, мох дIатийра, малх гучубелира, дуьнен тIехь юха а паргIато дIахIоьттира. Са мел долу хIума а цхьацца гучуйолуш, гул а елла, барзана тIе яхана. Акхароша барзе аьлла:

— Дела дуьхьа, борз, xIapa дерриге а дуьне мохо хьерадаьккхина хьийзаш, дитташ бух дохуш, аренаш дистинчу хиша хьулъеш, лаьмнаш аталуш охьаоьхуш,массо а садолу хIума са дадийна дIалачкъа меттиг лоьхуш хьийзаш, хьо цхьаъ меттах ца елира, и хIун ду?

TIepa цIока мохо ийзийна, асанаш кхозуш, йинчу чевнашкара цIийш охьаоьхуш йолу борз курра хиина Iaш яра, генна хьалха а хьоьжуш. Цо, хьала а гIаьттина, иштта жоп делира акхарошна:

— Со тIехь лаьтташ йолу латта — сан даймохк бу, цундела, кхузахь муьлхха а хало тIееъча а, аса цкъа а дIатосур бац и, — аьлла.

Цу дешнаша эхь хетийтина, ойлане а яхана, акхарой дIасаяхара. Чевнаш хилла, цIока этIийна, цIийш охьаоьхуш йолу борз шен меттахь йисира, дIайоьлхучу акхарошна тIаьхьа а хьоьжуш. Берзан кхин даймохк бацара... Даймохк цхьаъ бен бац.