Your browser doesn’t support HTML5
Борз а, къена ка а
Жа юккъера нацкъар а баьлла, уьдуш, ловзуш хилла цхьа-ши Iaxap. Жа гена даьлча, уьш тергалдеш Iаш йолчу мецачу барзо, ара а иккхина, ши Iaxap схьа а лаьцна, биъна. Жижиг а диина, довха цIий тIе а мелла, хьун луьста йолчу дIатаIа йоьдуш хилла борз. Хьуьнан йистехь, бай тIехь бежаш цхьа къена ка гина цунна. Цунна тIе а яхана, барзо аьлла:
— ХIе-е-е, ка, xlapa бай сан буйла ца хаьа хьуна, кхузахь бажа бакъо хьан елла хьуна?
— Xlapa бай хьан бац, сан жаIун бу, — меллаша жоп делира кано.
— Хьо харц лоь! — чуьрайаьлла мохь хьаькхира барзо. — Хьан жаIу дуьнен тIе а валаза вара, xlapa бай сан долахь болуш.
— И бакъ дац, — сих а ца луш, юха а меллаша элира кано. — Суна дика хаьа xlapa бай сан жаIун буй!
Дукха оьгIазъяханчу барзана бIаьрга цIий хьаьвзира, катоьхна и бел, делахь а, ша юьзина йолу дела, и а ца деш, мохь-цIогIа а тоьхна, IадIийра борз, кханналц буьтур аса xlapa, ткъа кхана, со мацъелча, бе а бийна, буур бу, аьлла, сацам бира цо.
— Вайшимма хIун дийр дуй, ка, — элира барзо, — Вайшиммо къийсарх, цкъа а къаьстар дац, xlapa бай хьенан бу: ахьа и жаIун бу, бохур ду, аса и сайн бу, бохур ду, — цулла а кхана Iуьйранна кхуззахь вовшах а кхетта, хьуьллахь йолчу коьллашна уллехь и бай шен бу, аьлла, дуй биинчуьннан, хир бу-кх и. Реза буй хьо?
— Реза бу, — меллаша жоп делира кано.
ТIаккха и шиъ дIасакъаьстира: борз хьуьнах яхара, ткъа ка шен эвла дIабахара. Сатосуш, шеца доккха жан-жIаьла а далош, схьабеъна ка. ЖIаьла коьллаш юкъа дIалечкъина, ткъа
ка кхуззахь бажа хIоьттина. Барзана, хьуьнахара араяьлча, бежаш ка гина, цуьнан дог ловзадаьлла тIаккха.
— ХIинца-м дийнна кIиранахь юьзина лелар яра со, — аьлла, бай тIе едда борз. Мичара дели ца хууш, барзана дуьхьал цхьогал даьлла.
— Марша йогIийла, борз! Хьо стенга йоьду сел сихъелла? — хаьттина цхьогало.
— Маршалла хуьлда, цхьогал, со-м бай болчу йоьдура, — аьлла, ма дарра дIадийцина барзо, ша сийсара каца къовсарх лаьцна.
— ЭхI-хIай, ма дика гIуллакх ду и, — боху цхьогало, — амма, хьуна-хьайна хаьа хир ду-кх, теш ца хилча цхьа а къийсам чекх ца болий, цундела со теш дигахь, со хьоьгахьа хир ду, ткъа ахь суна уьстагIан чо-ко а, когаш-корта а лур бу.
— И дан мегар долуш хIума ду, схьадола соьца, — аьлла, жоп делла барзо. Борззий, цхьогалий бай болчу кхаьчна, тIаккха барзо кане хаьттина:
— ТIаккха, дийцал, хIинца а хьайн жаIун бу боху ахьа xIapa бай?!
— Дера боху, — элира кано.
— Э-э-э, ка, эхь ца хета хьуна аьшпаш битта! — бехк боккхуш элира цхьогало, корта а техкош. — Дукха хенахь дуьйна массарна а хууш ма ду xIapa бай, кхин цхьаннан а боцуш, берзан буй.
— Хьуна хьаьнгара хезна и? — хаьттина кано.
— Хьаьнгара хезна бохург хIун ду?! — цецъдаьлла, мохь хьаькхира цхьогало. — Хьайна луъучуьнга хатта мегар ду хьуна, и массарна а хууш ду. Суна дагадогIу, дукха хан ю и хилла, со жима долчу хенахь, сан дас-нанас кест-кеста къамел дора кху байх лаьцна. Кхечу меттигашкахьчул, берзан бай тIехь долу дехкий дерстина даттIа дохкуш хуьлу, олура цара. ТIаккха ца хаьа хьуна, нагахь xIapa бай жаIун белахьара, цара цунах берзан бай эр ма дацара.
— Дика ду делахь! Дуй буий ахьа, айхьа дуьйцург бакъ ду, аьлла? — хаьттира кано.
— Ой, дера буу, — элира цхьогало.
— Дика ду. Оцу коьллаш юккъе цхьа ког а хIотта бай, ала: аса дуй буу, xIapa бай берзан бу, —аьлла кано.
Цхьогална, коьллаш тIе йолалушшехь, цу юккъера къега ши бIаьрг гина, тIаккха сихха юха а йирзина, гено а яьлла, йоьхна а хьавзина, аьлла цо:
— Бакъ дерг аьлча, суна схьахетарехь, сан дас-нанас цу байх лаьцна дечу шайн къамелехь уьстагIах лаьцна а хьахийра... Билггал ала ца хаьа суна, xIapa бай хьенан бу, цундела къа тIе лаца ца лаьа суна, дуй а бууш. Нагахь барзо дуй баахь, аса а буур бу-кх.
— Хьуна хIун моьтту, — аьлла, оьгIазъяхана чутасаелира барз, — хьо санна кхоьруш яц со, аса буур бу дуй!
Цхьа ког коьллаш юкъа а бахийтина, барзо «ас дуй буу» оллушехь, цу юккъера доккха жан-жIаьла схьаиккхира, цо, борз схьа а лаьцна, дIасаетта йолийра. Хала дела балица жIаьлин багара а яьлла, едда кIелхьараелира борз. Ткъа цхьогал-м, тоххарехь лекхачу гу тIе а даьлла, цигара барзе мохь бетташ дара:
— Аса ца бехира хьоьга, борз, къера дуй ма баа?! Ла ца дуьйгIира ахьа соьга, цундела хьуна хила деззарг хили-кх!