Your browser doesn’t support HTML5
ГАЗА-ГУЬЗАЛГ
(туьйра)
Воккхачу стеган кхо газа хилла: Цхьа гай дерг, Ши гай дерг, Кхо гай дерг. Шовданан коьрте уьш яжа яхча, царна кIелхуьйшуш хилла цхьа гила борз.
Кхо гай долу месала газа хьалха а яьлла, ши гай дерг цунна тIаьхьа а хIоьттина, йхьа гай дерг цунна тIаьхьа а йолуш, некъан бохалла, илли а олуш, шовданан коьрте яжа яхна гезарий.
Сийн-сийнчуьра буц кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда молуш, сарралц яьжна гезарий. ЦIа яха дагадеъначу жимах йолчо ши гай долчуьнга аьлла:
- Сан цхьа гай дуьзна, со яха йоллу. Хьо цIа йогIий газа-гуьзалг? - Ца йогIу, дера, со-м. Хьан цхьа гай дузарх, сан ши гай ца дуьзна. ГIуо хьайна, илли а олуш. Амма барзах ларлолахь, некъана юьстах ма ялалахь. Цхьа гай дерг цIехьа йолаелла, илли а олуш:
«Ва вайна садайна, там хилла сан гайна, берзан ши бIаьрг балийта, некъ маьрша хилийта».
Маьрс-маьрсал цергаш а йолуш, кед-кедал бIаьргаш а долуш, тебаш, еъна борз дуьхьалъяьлла газанна. Цо хаьттина:
- Хьо стенгара йогIу, газа-гуьзалг?
- Яжа-кхажа яхана йогIу.
- Хьан гай чохь йохкурш хIун ю?
- Бецан хаьлгаш ду-кх.
- Хьан коьртах йохкурш хIун ю?
- МаIа-цуьргаш ю-кх.
- Хьан логан пхенаш хIунда деттало?
- Хьох кхоьруш деттало-кх.
- Хьо яра суна езарг, -
Барзо газа «хьап» аьлла, дIакхаьллина.
Сийн-сийнчуьра буц кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда молуш, сарралц, яьжна, ши гай дерг а юьзна. Цунна цIа яха дагадеъна. Кхо гай долчуьнга цо аьлла:
- Сан ши гай дуьзна, со яха йоллу. Хьо йогIий цIа, газа-гуьзалг?
- Ца йогIу, дера со-м. Хьан ши гай дузарх, сан кхо гай ца дуьзна. ГIуо хьайна, илли а олуш. Амма барзах ларлолахь, некъана юьстах ма ялалахь. Ши гай дерг цIехьа йолаелла, илли а олуш:
«Ва вайна садайна, там хилла сан гайна,
Берзан ши бIаьрг балийта,
Некъ маьрша хилийта».
Маьрс-маьрсал цергаш а йолуш, кед-кедал бIаьргаш а долуш, тебаш, еъна, борз дуьхьал яьлла газанна. Цо цуьнга хаьттина:
- Хьо стенгара йогIу, газа-гуьзалг?
- Яжа-кхажа яхана йогIу.
- Хьан гай чохь йохкурш хIун ю?
- Бецан хаьлгаш ду-кх.
- Хьан коьртах йохкурш хIун ю?
- МаIа-цуьргаш ю-кх.
- Хьан логан пхенаш хIунда деттало?
- Хьох кхоьруш деттало-кх.
- Хьо яра суна езарг, -
Барзо газа «хьап» аьлла, дIакхаьллина.
Сийн-сийнчуьра буц кхоллуш, шийл-шийлачуьра шовда молуш, сарралц яьжна, кхо гай дерг а юьзна. Цунна цIа яха дагадеъна. Цо ша-шега аьлла: - Сан кхо гай дуьзна, малх чубузуш, са а дайна, хIинца со цIа яха еза.
Кхо гай дерг цIехьа йолаелла, илли а олуш:
«Ва-а вайна садайна,
Там хилла са гайна,
Гена яла борз суна,
Некъ маьрша хилийта».
Маьрс-маьрсал цергаш а йолуш,
Кед-кеддал бIаьргаш а долуш,
Тебаш, еъна, борз дуьхьалъяьлла газанна. Цо цуьнга хаьттина:
- Хьо стенгара йогIу, газа-гуьзалг?
- Яжа-кхажа яхана йогIу!
- Хьан гай чохь йохкурш хIун ю?
- Хьуна бетта лелош тIулгаш бу.
- Хьан коьртах йохкурш хIун ю?
- Хьуна Iитта кечйина маIаш ю.
- Хьан логан пхенаш хIунда деттало?
- Хьох лата догхилла деттало!
- Хьо яра суна езарг, -
«Харт» аьлла, маIаш тесна, берзан чуо-куо араяийтина кхо гай долчу газано. Къеначу барзо дийна йоллушехь кхаьллина ши газа гай чуьра араиккхина.
Меъ-ме-э-э-эъ! - Меэ-ме-э-э-эъ! - Iаьхаш, цIехьа хаам а беш, некъан бохалла, нох а дохуш, кхо гай дерг хьалха а яьлла, ши гай дерг, цхьа гай дерг цунна тIаьхьа а хIоьттина, воккхачу стеган гезарий сарахь цIа яьхкина.
Йовха, хьена шура яош боьхьигаш а якхийна, воккхачу стага биллинчу кIедачу чан метта, нахарш а дохуш, охьайийшина гезарий.