Гезгамашин-беттан 19-чу дийнахь чергазийн къаьмнийн юкъараллан векалша шаьш дIабаьхьначу харжамашкахь шолгIачу ханна чIагIвина 2012-чу шарахь дуьйна куьйгаллехь волу Сохроков Хаути.
Цхьайолчу Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь бехачу а чергазийн тобанаша Сохроков Хаути къобалцаво. Ассоциацин декъашлахь барт эгIна оцу бахьаненна.
Чергазийн халкъаша, аьлча а, адыгаша, Хасэ олу ассоциацех а, цуьнан дакъойх а. 20-чу бIешерийн 90-чу шерашкахь коьллина ю ша юкъаралла. Тахана барт боьхна, йоха гергга ю ассоциаци. Оцу юкъаралера дуккха а декъашхой реза бац Сохроков Хаутис дIахьочу политикана.
Гезгамашин-баттахь Ассоциацин харжамашка гулбеллера Адыгейра, Кхарачойн-Чергазийчуьра, ГIебартлойн-Балкхарачуьра, Къилбаседа-ХIирийчуьра, Туркойчуьра, Шемара, Урдунера, Европан пачхьалкхашкара, Iамеркера, Израилера а делегаташ а, хьеший а.
Сохроков Хаутин кандидатурина юьхьанца дуьйна резабацара хаийтира дуккхаъчара. Цара чIагIдарехь, Сохроков юкъараллан жигархо вац, иза шен цIийца-тIамарца Iедалан хьукматхо ву.
Сохроковн кандидатура къобалъеш кхаж тесна 62 юкъараллан декъашхоша, дуьхьал 10 делегат вара, цхьаъ кхаж цхьанна а ца тосуш, юьстахваьлла, бохуш дуьйцу хаамашкахь.
Декъахошна хетарг тергоне а ца оьцуш, эшахь а ца эшахь а, аьлла, ГIебартлойн-Балкхарачоьнан вице-премьер хилла Сохроков, валийна, гIента охьахаийра Iедало. Иштта дуьйцу цунна дуьхьалболучара.
Ассоциацина юкъайогIучу цхьайолчу тобанийн куьйгалхоша хIеттахь кхайкхам бинера, юкъаралла дIа а тесна, дуьненчохь мел болу чергазий вовшах а тоьхна, керла, йозуш йоцу ассоциаци кхолла еза аьлла. Лаам кхочуш ца хилира, массеран а цхьа барт ца хилар бахьана долуш.
Амма Iедало Сохроков Хаутин хьалхатеттар ца кхеташ дацара декъахошна. Герга кхочуш яра Сочера Олимпиада. Ткъа даздараш, ловзарш дIадахьа леринера 19-чу бIешерашкахь тIемашкахь эгначийн кешнаштIехь. Сохроковс къобалдира Сочехь шайн дайн кешнаштIехь олимпиада хIоттор, бохуш, бехкаш бохура цуьнга хIетахь адыгаша.
Ши шо хьалха Сохроков Хаутис зорбанехь дина дIахьедар а резадацарца тIеийцира ассоциацин декъашхоша, Оьрсийчоьнан Империс кавказхошца бинчу тIамах геноцид олийла дац, аьллера цо.
Ассоциацехь барт эгIарца Мангал-баттахь Майкоперчу «Адыгэ Хасэ» юкъараллан куьйгалхо Богус Адам а, Кхарачойн-Чергизийн «Адыгэ Хасэ-н» хьалханча Черкесов Муххьаммад а ассоциацина юкъара велира.
Юкъараллан Конгрессехь дакъалаца аьтто боцуш висира Богус Адам. Краснодаран Талламан комитето лаьцна, сацийра иза гулам боьрзучу кхаччалц, дан цхьацца хеттарш ду шайн, аьлла.
Маршо Радионо дийхира Богус Адаме шена цатовриг, шена муха хуьлийла лаьа лаьа а Чергазийн дуьненан ассоциаци дийцар.
Богус: «Сохроков Хаути юха а лидеран гIента хаон сан дуьхьал хилар стенна ду аьлча, суна хетарехь, цуьнан Iалашо ю ассоциацин болх сацор.
Цо куьйгалла дечу 3 шарахь, цхьа ша а хьалхахьа ца яьккхина оха, цхьа а кхайкхам ца бина, цхьа а сацам тIе ца эцна. Чергазийн мотт кхион безара аьлла, тхо шех дагадевлча, Сохроковс боху, и экстримизмале ду, оха бохучунна тIе а ца тов.
ДIаяьхьначу Олимпиадех боьзна кхайкхам бан дагахь дара тхо, иза а ду боху экстремизмалле. Цхьан а некъ ца карабо тхуна цунна тIе».
Юьхьанца декъашъойн доккха дакъа Сохроков Хаутиннна дуьхьал хиллехь а, кхаьжнаш совбевлла, юха а виси иза ассоциацин куьйгаллехь. Стенна? И хаттар дуьззина жоп доцуш дуьсу.
Ткъа гарехь жоп а дац лаха, карон хала. Кремлна гIолехьа ву адыгийн геноцид хьахор экстремизм лоруш волу Сохроков, геноцид ай а йина, цунна дуьненан тидам тIеийзонболчу кхечу лидерал а.