Шемарчу президентан Асад Башаран Iедална тIеман а, гуманитаран а гIо латтош ю Оьрсийчоь. Цунах мукIарло дина президента Путин Владимира а.
Ткъа оцу юкъанна Iамеркан Штаташа а, Европано а зуламе лору Асад а, цуьнан Iедал а.
Политикерчу оцу шина позицина гонах дара Маршо Радион кху кIиранан хаттар. Шуна хIун аьлла хета, зуламе дуй Асадан Iедал? Муьлха агIо бакъ ю: Москох я Вашингтон?
Маршо Радионо хазахетарца хаам бо, жоьпаш алсам а, нохчий бех-бехачу дуьненан маьIигашкара даьхкина а хиларх.
Зулам, доттагIалла санна гIу ю, ахьа оцу чуьра схьа мосазза ийци а – кIарглуш. Цундела бехкелору дуккхаъчара Асад Башар, цуьнан агIо мел лаьцнарш а.