Кадыров кийча ву Шема ваха

Нохчийчоьнан администраторо Кадыров Рамзана шен куьйга кIелхьарчу тIеман ницкъийн корматалла а хастош, дIахьедина, уьш кийча бу террористех лета, и террористаш миччахь а белахь а, аьлла. Хьалхо Кремлан администрацин куьйгалхочо Иванов Сергейс дIахьедира, Шема тIеман кеманаш бен хьовсош дац, аьлла.

Цигара оьрсийн авиабаза ларъеш ду хIордан ницкъийн лерина дакъош.