Къомах хаьдда, кIелвисина веха Iилманча

Нохчийчоьнан хьалхалера заманахь лелларг толлуш, гIарваьлла Iеламча ву Джамуханов Сулейман. ТIаьхьарчу шерашкахь Малайзехь вехаш а, цигарчу коьртачу шахьаран университетехь хьоьхуш а вара иза. Карарчу хенахь цамгаро лаьцна, махкахойн гIо оьшуш, лоьрийн цIийнахь нисвелла Iилманча.

Джамуханов Сулейманах лаьцна яздинчу vaydahar.eu сайто иштта дуьйцу вевзаш волу Iилманча декъа а волуш иза къона волчу хенахь хиллачу цхьана хиламах лаьцна.

„I970-чу шерашкахь Соьлжа-гIаларчу университете кхаьчнера дуьненна а евзаш йолу Iилманча, историк, Калифорнерчу Беркли университетан профессор Николс ДжохIанна. Студентех а, евзаш йолчу Iилманче хьовса баьхкинчу могIарерчу нахех а юьззинчу актан залехь ДжохIаннас историца а, историографица а доьзначу цхьа могIа хеттарех лаьцна дийцира. Хьахийра цуо шумерологи а.

Цо латкъам бира, и Шумерех а, ширачу Кавказах а долу Iилма Iамош вайн заманчохь дукха кIезиг нах хиларна. Иза шен къамел дIадерзийна яьлча, гулбеллачех цхьаммо куьг айдира. Цхьаьнакхетар дIахьош хиллачу университетан ректоро Кан-Калико шега дош делча, жимчу стаго цIенчу ингалс маттахь маршалла а хаьттина, Шумерех лаьцна шен ойланаш йовзийтира.

Цо шен къамел дечу юкъана профессоран юхь тIехь цецйалар гуш дара. Эххар а, ша Iачу сцени тIера охьа а йоьссина, жима стаг шеца Кан-Калик волчу хьала а воккхуш, цуо элира: „Ахь ма бохура, шун республикехь шумерологи толлуш говзанчаш бац аьлла. ХIара ма ву кийча шумеролог, вуно даккхий хаарш а долуш, шена хетачух кхоччуш аргументаци ян а хууш“, - аьлла.

И жимстаг Джамуханов Сулейман вара“, - иштта яздо аренца бехачу нохчийн исбаьхалхойн а, Iилманчийн а дахарах дуьйцуш йолчу сайто цу хиламах лаьцна.

Цул тIаьхьа девллачу иттанаш шерашкахь хIетахь юхьенца мелла а эхь хеташ, къийла а луш, Iамеркерчу профессорца Шумери йийцинчу жимчу стагаз вайн заманахьлера уггаре а мехалчех историн а, филологин а Iилманча хилла.

Цо нохчийн къоман дIадаьллачух лаьцна вуно дукха белхаш язбина, шайна юккъехь бархI киншка а, бIеннаш Iилман артиклаш а йолуш. Цуьнан талламаш Малхбузерчу Европехь а, Цхьаьнатоьханчу Штаташкахь а, Азехь зорбане бийлина. Ткъа ша Джамуханов Сулейман, Iилманийн доктор волу, тIаьхьарчу шерашкахь Малайзехь вехаш вара. Цигарчу коьрта шахьаран Куала-Лумпуран университетехь ширачу, яйначу пачхьалкхийн истори хьоьхуш вара иза.

Цуьнан талламашна юккъехь бара, нохчийн къоман дIаевллачу цивилизацешца хилла зIе а, нохчийн меттан шира орамаш а. Иштта, масала, вайн ненан маттахь 2000 сов дешнаш карийнера цунна, англосаксонийн меттанашца цхьатерра декаш а, цхьатерра маьIна долуш а.

ХьастагIа Малайзера кхаьчначу гIайгIанечу костанца амма, карарчу хенахь Iилманчин шен талламаш сацон безна цамгар бахьана долуш. Куала-Лумпурерчу лоьрийн цIийнахь халчу операцина кечвеш ву Джамуханов Сулейман бохуш яздинера цуьнан накъосташа цхьа могIа нохчийн интернет-сайташкахь шаьш бинчу кхайкхамехь.

Джамуханов Сулейман вевзаш волчу вайн махкахочуо, vaydahar.eu сайтан коьртачу редакторо Шерипов Эмилхана иштта дуьйцу Iилманчах лаьцна.

Шерипов: „Джамуханов Сулейман вуно бакъахьара кIант а ву, чIогIа Iилма долуш, говзанча а ву, вайн истори а, филологи а талларна тIехь дуккхаъ а белхаш а язбина, доллучу къомана пайдехь а, оьшуш а волуш стаг ву иза. Вай массара а вешашка далучу агIор цунна гIо дича, цуьнан дарбанна дакъалаьцча, нийса хир дара“.

Азерчу пачхьалкхашкахь Малхбузехь санна мехаза лоьрийн дарба а, цомгуш хиллачунна орцах йолуш социалан система а ца хиларна, махкахойн а, Iилманчин кхолламна хийра боцучийн гIоьнах йоьзна ю Джамухановн могшалла.

Цундела, Шерипов Эмиша ма-аллара, доллучу дуьнентIехь баьржинчу вайнаха цунна орца кхачийча, къомана а мехала волчу Iилманчина дарба дайта таро хир яра.

Муьлхачу а юкъараллехь цу юкъараллин жигархоша цу кепара орцах а бовлий, социалан машанашкахула а, бовза-безачаьргахула а гIар а доккхий, тIехIоьттинчу киртигах иштта кIелхьарабоху шайн кхоман Iилманчаш а, исбьахьалхой а.

ХIинца рагI нохчашка кхаьчна.