"Петарбухан диалог" - яланза йисина форум"

Цхьана хенахь Путин Владимира а, Шредер Герхарда а вовшахтоьхна хилла „Петербугера диалог“ цIе йолу немцойн-оьрсийн форум Украинера хьал бахьана долуш вовшах ца кхета ши шо а дара. Еари сарахь немцойн Потсдам гIалахь гулбелира эххар а форуман декъашхой.

„Putinversteher“ я, нохчийн маттахь яьлча, „Путинахкхеташберш“ - иштта кхардаме цIе тиллина немцойн хаамийн гIирсаша еари дийнахь Малхбалерчу Германера Потсдам гIалахь вовшахкхеттачу „Петербугера диалог“ форуман декъашхойх.

Украинера тIамца а, и бахьана долуш Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцешца а доьзна тIаьхьарчу шина шарахь и форум дIаяхьа ца хIиттинера Германерчу Путинан агIончийн трибуна а хилла лаьттачу цхьаьнакхетараллин декъашхой.

Амма хIинца, цу форуман масех шарахь куьйгалхо лаьттина волу Оьрсийчоьнан вокккха доттагIа Томас де Мезьер дIа а ваьккхина, цунна меттан Меркелан гергарчу гуонера стаг Пофалла Роналд хIоттийначул тIаьхьа, церан кадаьлла шайн рогIера цхьаьнакхетар дIадахьа.

И форум юккъера Потсдамехь дIаяхьар а дац ларамаза – цигарчу Бранденбург федералан лаьттан куьйгалхо а хилла, Оьрсийчоьнан куьйгаллица совтIеха юьйраш хиларна а, ткъа цуьнан гуонера белхахой дукхахберш шайн хенахь Малхбалерчу Германерчу Штази къайлахчу сервисан моттбеттархой хилар гучудаларна а балхара дIаваьккхина волу Платцек Маттиас ву форуман уггаре а жигарчу декъашхойх цхьаъ.

Ву цу юккъехь иштта оьрсийн къомах волу, амма ша дуккхаъ шерашкахь Германин вахарна ша немцо волушчхьа кеп интервьюшкахь еш волу политолог Рар Александр, Путинах лаьцна хесторан киншка язйина волу. Иштта цхьа могIа Оьрсийчоьнан куьйгаллин лоббилелорхой санна Германехь тIеоьцуш болу нах а.

Амма тамашийнарг и форум вовшахкхетар а, Путинахкхеташберш цигахь гулбалар а дац, тамашийнарг „Петербургера диалог“ вуно къайленечу хьелашкахь вовшахтохар а, дIаяхьар а ду.

ТIаьхьара мIаьрго кхаччалца иза вовшахтухучара журналистех хьулйинера цуьнан декъашхойн цIераш, даханчу шерашкахь и цIераш а, форуман программа а редакцешна йоькхуш а, форуман сайта тIехь зорбане йоккхуш а хиллехь.

Иштта иза янне а дIахьош хилар а форум йолалучу дийнахь бен ца довзийтира юкъараллийна.

Цу кепара шаьш лелочух эхь хеташ я богуш болчуха дIахьочу форумах лаьцна вевзаш волчу немцойн журналиста, дуккхаъ шерашкахь Оьрсийчоьхь болх бинчу Райтшустер Бориса яздинера шен фейсбук агIонна тIехь, цхьа а гласност яц Петербургерчу моттаргIанийн диалогехь, юкъараллех лачкхийна дIахьочу, аьлла.

„ХIун лачкъон гIерта уьш? Цигахь Путинан фан-клуб, Платцекахий, Рархий, Кроне-Шмалцахий лаьтташ йолу, вайн, ясакхйалархойн чотах вовшахкхетта бохургий?“ - аьлла.

Политологна Чапханов Русланна хетарехь, кху деношкахь Оьсрийчуьрчу Валдайхь Малхбухера Путинан хьеший а болуш хилла форум а, хIинца а Потсдамехь дIахьош ерг, мел кIезга а, немцойн агIор цигахь дакъалоцуш болчарна еккъа цхьа финансийн баланца йоьзна ю, хIунда аьлча цигахь гулбеллачу малхбузерчу хьешашна комаьрша гранташ а, оьрсийн фондашкара ахчанаш а кхочу.

Чапханов: „Цигахь гуллуш берш шаьш цхьа баккхий эксперташ болуш санн кеп лелош бу, амма бакъдолчехь уьш цхьа маргиналийн тайпа санна тIеоьцуш бу Малхбузехь. Церан цу форумах гулбаларан коьрта Iалашо ахча даккхар хетало, Оьрсийчуьрчу фондаша царна ахча ло моьтту суна.

Вуьшта цаьрга кху Малхбузехь Оьрсичоьнна гIо деш цхьа а тIеIаткъам а балур бац, кхузахь адамашна церан туьйранашка ла ца доьгIча а дика кхеташ, гуш ду, Оьрсийчохь дерг“.

Потсдамера форум дIайолош, ала дашна, цигахь гулбеллачу Путинахкхетархошна мел кIезга а цхьана стагера, форуман керлачу куьйгалхочуьнгара Пофалла Роналдера кхин башха даг тIе моз хьокху къамел ца хезира.

Цо билгалдаьккхира, ГIирмина йина аннекци низамца ца хилар а, Оьрсийчоьнан кхечу пачхьалкхийн дозанаш дохон бакъо ца хилар а. Бакъду, цунах лаьцна критикечу журналиста Райтшустера яздира шен агIонна тIехь: „Цхьа масех критикхо-м цигахь даима а хуьлуйтура цара, шайна алиби еш.

Цкъа ур-аталла со а кхайкхинера. Амма суна хаа лууш дерг, цу нахана къайлаха тIеIаткъамаш беш болу Москоха церан хьаькмаш буй форумехь дакъалоцуш?

Я уьш даима санна къайлахь бисна?“ - аьлла.