Саакашвилин Гуьржичуьра Iедал карчо ойла юйла хоуьйту видео кхаьчна

Гуьржийн пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло хаамбина, хьалха президент Iийна Саакашвили Михаил тахана шайн махкара Iедал карчо ойла йолуш вуйла хоуьйту видео кхаьчна шен кара, аьлла. Телевизионехула къамел динчу низамхойн векалша даржийна, Саакашвилис махкахь карчамбан бечу кечамех лаьцна телефонехула къамелдина кIира хьалха Рустави-2 телеканалан куьйгалхончуьнца Гварамия Никиций, Къоман Цхьаалла боламан лидерех волчу Бокерия Гигиций, аьлла.

Саакашвилис карчаме кхойкхура политикаш, ницкъаша хийца деза бохура Iедал, аьлла даржийна пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло.

Хьалхо Саакашвили Михаилан иттаннаш накъостий лецна Гуьржийчохь коррупци лелорна бехке а бина. Ткъа ша Саакашвили Украинехь Одессан кIоштан губернатор ву карарчу хенахь.