Австрин шахьарахь нохчийн маттахь...

Австри - Венерчу нохчийн школехь

Нохчийн мотт, литература, спорт, хераллехь бехачу нохчийн сатийсамаш, царна го гIенаш... Венехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира пIераскан суьйранна цигахь даймахках а хьоьгуш бехачу нохчаша.

Сих-сиха нисло Австрехь нохчий буьйцуш. Уьш дела денна аьлча санна хаамийн гIирсашкарчу критикечу артиклийн турпалхой хуьлу, криминалан талорийн хроникехь декъашхой нисло, Шема я Иракъе тIаме оьхучу радикалан исламхойн могIаршлахь буьйцу. Хетарехь, цхьанна а Европерчу пачхьалкхахь хир дац нохчийн къоман сурт иштта негативе бос болуш, Австрехь санна.

Цу махкахь вайн махкахойн сел дукха гулбаларна делахь а, я стенна кхечу бахьанца. Амма сел юкъараллехь бийцаре бечу нохчех, ма-дарра аьлча, дIаладоьгIча, меттигерчу бахархошна хууш хIара ду аьлла хIуммаъ дац, юха а, тIаккха а, уьш радикале хиларий, церан кегирхоша зуламаш дарий, зударий Iаьржа доьхна, ткъа божарий зударех леташ хиларий бен.

Цхьана агIор, Австрехь бехачу нохчийн шайн бехк а бу и тайпа васт юкъараллехь даржарна. Дукха еха хан йайъина цара, цу кепарчу вастана дуьхьало ца еш, шайн аз ца айдеш, шаьш дикчу агIор, литературехула я исбаьхьаллехула я културехула меттигерчу бахархошна дIа ца довзуьйтуш.

И кхачамбацар дIадаккхарехь хьалхарчех гIулч яккха Iалашонца вовшахтоьхна яра Венерчу Интеграцин кхерчахь пIераскан дийнахь дIаяхьна хилла суьйре.

„Австрино тхайна динчу диканех цунна цхьажимма мукъане а юхадалархьама“ - иштта гочйан мегар ду нохчийн матте цу суьйренан цIе. Дакъалоцуш бара нохчийн яздархой а, спортхой а, нохчийн маьждигехь имам волу Iелим а.

Тайп-тайпана дара цигахь дийцаре динарш – хийраллехь Даймахках хьоьгуш бехачарна гуш долу гIенаш муьлхачу маттахь хуьлу, церан гIайгIанаш я сатийсамаш, цара доьзалехь буьйцу мотт я царна австрихошка ала луург, амма уьш ала ца хIуттург.

Цхьажимма цу цхьаьнакхетарехь хилларг гойтуш ю цигахь нохчийн маттахь, гулбеллачу автсрихошна а и мотт муха бека хаийтархьама, ешна хилла Соьлжа-гIалахь зазадоккхучу кIайдаргах долу могIанаш.

„Стигалкъекъа баттахь кIайдарг, зазхецна, хIаваэхула шен исбаьхьа хьожа яржон йолаелча, хьо цу хьожан лар леха йолало, иза лаца гIерташ, иза мерсенехула сацон, цунна тIекхача, и хьожа яржош долу дитт карон гIерта хьо, хьуна иза ца кардо, и дитт. Хила мега, хьуна иза ца кардо, и дитт данне а кхузахь доцун дела, и дитт а, и хьожа моттаргIа, бIарлагIа йолун дела, хьан дагалецамаша а, хьан гIайгIано кхоьллина.

Хила мега, хьуна и дитт а, и кIайдарган хьожа а хьайна кхеташ санна тарделла, хьан иэсана-м хуу дела, хIинца, кху муьрехь, кху деношкахь стигалкъекъа баттахь кIайдарго заза доккхийла, цхьанхьа генахь, хьан цIийнан корашна хьалхA, хьалха а, даима а, хьо цигахь а йолуш, цуо ша заздоккхуш ма-хиллара. ХIетахь санна хIинца а, хьо цигахь яцара-кх аьлла ца Iаш.

Иза хила мега-кх иза, хийралла шех олуш дерг, я мухIажаралла. Цхьанхьа, генахь, Соьлжа-гIалахь кIайдарго зазадоккху, ткъа цуьнан исбаьхьа, цуьнан цхьаъ бе йоцучу кепара хьожа хьуна тIаьхьакхочу Вене, я Берлине, я Милане, мичча а дуьненан йисте, стигалкъекъачу баттахь хьо миччхьа а нислахь а.

Кхеташ ма-хиллара, мел исбаьхьаллех я литературах къамел дан нохчийн къоман векалшца европхой вовшахкхетахь а, ца хьахош дуьссийла дац вайнехан кегирхошца Малхбузехь йолу халонаш а, царех цхьаццаболчара лелош долу къепедацарш а, уьш радикалхойн машанах Iехабалар а.

Делира и хаттар суьйре дIахьош волчу Интеграцин кхерчан белхахо а, зорбанча а волчу Хаакер Кристофа цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш волчу нохчийн спортхочуьнга, берашна карате Iамош тренералла дечу Бисаев Хаважига а. Дуккха а шерашкахь нохчийн берашца а, кхиазхошца спортал сов интеграцин болх а беш волчу Бисаевс иштта дийцира цунах лаьцна.

Ausrtia - Chechen Diaspora in Vienn

Бисаев: „Вай цхьажимма тхан историга юха хьаьжча, вайна гур ду тIаьхьарчу ткъо шарахь цхьа а хIара аьлла сецна даьлла, стабиле дахар тхан цхьаннан ца хиллийла. И кегирхой а бу цу муьрехь хьалакхиина. Царна хууш дерг тIамах лаьцна дийцарший, тхоьца йийцина харцой, цу кепара хIумнаш ду. Цу хаарийн мохь а бохьуш юха кхуза Австре уьш схьакхочу, ткъа кхузахь шайн орамех хаьдда буьсу уьш кху шайна керлачу юкъареллехь.

ЦIахь-м хаьара царна муха хIун ду, ткъа кхузахь долчух ца кхета уьш. Дай-нанойн а даима ца долу церан терго ян ка. ТIаккха шаьш шайца бисина хуьлу уьш, ткъа цунах хуьлуш дерг и ду-кх“.

Расул цIе йолу нохчийн имам цхьаьнакхетар дIахьочу Интеграцин кхерчахь дика вевзаш ву. Цуо цигахь немцойн мотт а Iамийна, цул совнаха, лерина имамашна а, бусулба динаца балаболчарна а схьайиллина йолу курсаш а яьхна.

Венин 10-чу кIоштахь даханчу шарахь схьадиллинчу нохчийн маьждиган имам волчу Хусиев Расула суьйре дIахьочу шозлагIчу модераторан Вайнбергер Мартинца шен къамелехь юх-юха а тIетидам бахийтира, дуккхаъ йолу вайнехан кегирхойн халонаш цара дуьненан Iилманаш ца Iаморца а, цул совнаха царна шайн дин ца девзаш хиларца а йоьзна ю бохучунна.

Хусиев: „КъурIан чохь цхьа аят ду, „Икъара“ ю цуьнан цIе. „Икъара“ бохург „еша“ бохург ду. Еша бохург вай деша дезаш ду бохург ду, Iилманаш а Iамош, вайна гуонахьарчу нахаца бертахь а хуьлуш. Бусулба дин – иза юккъерчу некъан дин ду, иза экстремаллин дин дац.

Делах тешаш волу бусулба стаг декхарийла ву деша а, ша шена тIехь болх бан а. Тхан ши Iалашо ю. Хьалхарниг - тхайн кегирхошна вай хIинца дерриш а Австрехь дехаш хиларх уьш кхетор ю, цаьрга къахьега кхузахь машаречу дахарна тIехь алар. ШозлагIниг - кегирхошка дуьненан Iилманаш Iамадайтар а, шайн дин нийса цаьрга Iамадайтар а ю“.

Нохчийн вайнзаманахьлерачу литературин къона векал ву Австрехь вехаш волу Элмурзаев Аслан. Цуо ша Нохчийчуьра Европе кхача гIерташ бинчу некъах лаьцна язйина хилла еха эссе хIинцале а немцойн матте гочйина а, меттигерчу литературин журналехь араяьлла а ю.

Вуно Iаткъам беш ду Эльмурзаевн йозанаш, вуно йоккхачу меттан говзаллийца буьйцу цуо цу йозанашкахь мухIажараллин некъан халонех лаьцна. Къаьстина кху муьрехь, Европе бIеннаш эзарнаш мухIажарш Гергарчу Малхбалера а, Африкера а схьаоьхуш а болуш, башхачу кепара дека цуьнан дешнаш. Суйре дIахьочу шина модераторех цхьаммо Хаакера Кристофа йийшира цу текста юккъера цхьа кийсак.

Хаакер: „Братиславехь соьга хьоьжуш вара цхьа контрабандхо. Боллу некъ а, Оьрсийчуьра Украинехула Европе богIуш болу, ишттачу адамаша баьккхина бара. Ма дукха бу-кх уьш Москохахь, Киевехь, Полшехь а, Словакехь а. Царна дика хаьа, стенна а, стенах а адамаш юьдуш ду.

Амма и шайна хаьара аьлла ца Iа уьш, стагера тIаьххьара шайнаш а тIаьхьа схьа ца йохуш. Цхьа доьзал гира суна цигахь, Нохчийчуьра бедда болу. Цара цIера шайн мел болу бахам боьхкинера новкъаболучу хенахь. Ткъа Словаке кхачале контрабандхоша цаьргара ялх эзар доллар дIадаьккхинера“.

Ша „Некъан йозанаш“ цIе йолчу текстан авторо Эльмурзаев Аслана иштта дийцира ша и эссе язйаран хьелех а, мухIажараллех а лаьцна.

Эльмурзаев: „Шен мохк а битина аравала атта дац цхьанна а. ХIинца кху мIаьргонашкахь, вай кхузахь Iаш а долуш, Австрин дозанехь лаьтташ ду мухIажаршца вуно гIайгIане а, ирча а хьал. Вукху агIор, суна ала лаьа, австрихойн юкъаралла вуно толеранте ю тIеоьхучаьрца, къаьстина суна бевзачу кхечу мехкашкарчу хьолаца дуьстича, масала, Малхбалерчу Европица я кхин а инзарох - Оьрсийчоьнца“.

Ала догIу, нохчийн културах а, спортах а, литературах а лаьцна дуьйцу цхьаьнакхетар дукха кхиаме нисйаларна а, цуьнга нехан интерес дукха лакхар хиларна а тIейогIучу хенахь кхин а цхьа могIа ишттаниш суьйренаш дIаяхьа сацам бина Венерчу Интеграцин кхерчо.