ТIемалошца уьйр ю аьлла, дIалаьцначу шен йоIана орцах довлар дехна ГIалгIайн махкара яхархочо

Несар-гIалахь, масех де хьалха дIаяхьанчу лерина операцехь вийнера ши тIемало: Махаури Беслан а, Ведзижев Ислам а. Полицино оцу бинчу гонна юккъера, шен машенца араяла гIерташ йолу меттигера яхархо Чемурзиева Лейлаъ, тIаьхьа герз а тоьхна лазийнера.

Ларамаза иза хилла аьлла, полисхоша, иза сихонца дарбан хIусаме кхачийнера. Тахана а, иза, цигахь ю. Амма, дукха хан ялле, и зуда йолчу меттехь гIаролла хIоттийнера цара. Шеко кхоллаеллера, иза байинчу тIемалошца цхьана хилла аьлла.

И шеко, тIечIагIеш, оршотдийнахь, меттигерачу терроран доьхьала комитета хаам бина, иза билгала цаьрца уьйра хилар сов, цо и ши тIемало шен машенца базар йолчу валийна, охьавоссийна хилар тоьшаллаш ду, аьлла.

Шен агIора, Чемурзиева Лейлаан нанас Орцханова Лидияс, орца доьхуш, кехат язйина прокуратуре а, талламан комитете а, бакъонашларъярхошка а. Цу тIехь, цо дуьйцу, шен йоI, цхьанна а хIуманна бехке цахиларх а, иза, ларамаза оцу меттехь нисъелла хиларх а. Маршо радиога а, элира цо изза.

Орцханова: «Со, хамхоевгIеран базарахь охьайоссийна, Несар-гIалахь дарбан хIусамехь Iуьллучу гергарчу стаган, яахIума а яхьан, цунна иза дIа а елла, схьайогIуш, и хIума хилла-кх цунна. Цуьнан майрачуьнца цхьацца хIума дара Iедалца тасаделла.

Иза велла дIаваьлла а итт шо ду. Герз а тоьхна, иза лазийча, шаьш кIелхьаряьккхина цара. Шай телефонехула, йишига зIене а ялийтина. Цуьнан машенан чохь таллам а бина, иза Точиев Вахийн хIусамнана юйла къаьстича, юха тIебаьхкина, иза дIалаьцна цара».

Леррина операци йоьдучу меттера, дIайоьду машен саца ца йича, тIехь герз тоьхна цунна. Иза, хьанах йисина зуда ю хиъча, цIа а баьхкина, 4-5 сахьтехь талламаш бина полисхоша. ХIумма а ца карийнехь а, шен йоI, хIинца а тIехь гIарол а деш латтош ю, аьлла кхин дIа а дийциира Орцханова Лидияс.

Орцханова: «Вааа, вай чу а баьхкина, цомгуш кIант волчу а, массанхьа а хьоьжуш таллам бира цара. Гарехь, герз хIума лохуш бара уьш. Цхьа а оьккхург ю ала мегар долуш хIума а ца карийна царна. Раци чухулла цуьнах вовшех хаам а бора цара».

Арз динчу Орцханова Лидияс, бозуш боцучу бакъонашларъярхошка а дехна гIо. «Мемориале» дахьийтинчу кехат тIехь, цо дуьйцу, шен йоI, герз деттачу меттера, кхера а елла дIаяхнера бохуш.

Чемурзиева Лейлаан гIуллакх, талла схьаэцна «Мемориал» бакъонашларъяран цхьанатохаралло. Цкъачуьнна, хилларг шаььш толлуш ду. Хууш дерг-лазийначу оцу зудчуьнна тIе хIинца а кхаьчна вац, цуьнан адвокат, аьлла Маршо радиога дийцира, «Мемориалан» Несар-гIалахь долчу декъан куьйгалхочо Акиев Тимура.

Акиев: «Тахана- лахьанан беттан 2 чу дийнахь, тхоьга арз дина Орцханова Лидияс. Цо чIагIдеш дуьйцу, шен йоI цхьанна а хIуман бехке яц аьлла. ТIекхочуьйтуш яц, оцу бахьанца, цуьнан могашаллийн хьал муха ду а ца хаьа шена боху цо. Тхуна хууш ду, цо иштта адвокате а гIо дехнийла. Амма, иза а, цунна тIекхаьчна вац».

Чемурзиева Лейлаан гIуллакх, хIинций бен дийцаре долуш дац. Цкъачуьнна, иза бехке ян дагахь болчу низамхоша хIун олу хьоьжуш бу бакъонашларъярхой. Амма, ша бехке яцахь, цуьнан аьтто бу, оцу хIуманна тоьшаллаш дало, аьлла хета Несар-гIалара «Мемориалехь».

Вукху агIора аьлча, оцу зудчуьнна бехк хилар а, ца хилар а цхьанаэшшара шеконе дилла мегар ду. ГIалгIайн махкахь а, кхечу меттигашкахь а, дукха масалаш ду, бехк-бахьан доцуш, ишттачу хьелашкахь нах байина а, лазийна а. Кхо шо хьалха, Плиево олучу юьртара Вельхиева Зина, кибарчигийн заводера балхара а яьлла, лулахочо новкъахь шен машен чу а хаийна, цIа юьгуш хиллера. Иза, тIемало хиллийла хууш ца хилла цунна.

Дукха гена ялле, оцу машена чуьра ша верриг герзаш а диттина вийна, юха, цу чохь оьккхург ю аьлла, эккхийтинера низамхоша. ТIаьхьа къаьстира, машена чуьра и зуда а, кхин ши стаг а, цхьанна а хIуманна бехке ца хиллийла. Иза, даре дира, ГIалгIайн мехка куьйгалхочо а. Йийначу зудчуьнна кIанта арз динера йоьхьанца.

Амма, Iедалша, шай бехк хилар тIеэцча, юхаийцира иза. Бакъонашларъярхочуьнна Акиев Тимуран хетарехь, тахана Чемурзиеван аьтто бу, шен бехк ца хилар гайта.

Акиев: «Вукха хиламехь, машена чохь мел хилларг вийнера. ТIаккха низамхоша, къастийнера, тIемалошца цхьа а уьйра йоцурш а цу чохь хиллийла. Иза нийса доцийла а хууш, динчуьнна цхьа бахьан дало гIиртира уьш. Ткъа кхузахь, адам дийна дисна. Цуьнан йиш ю, хилларрг дийца. Адвокатан а аьтто бу бакъо лаха.

Видео тIехь а хила мега хилларг дIаязйина. И хIума хиллачу меттехь, шортта яккхий туьканаш ю. Мухха а далахь, цуьнан бехк хиларна а, я ца хиларна а тоьшаллаш гулдан йиша а, аьтто а бу церан».

Муьлха а нана санна Орцханова Лидияс чIагдо шен йоI цхьанна а хIуманна бехке яц бохуш. Амма, талламхойн, шай хьежам бу цу гIуллакхан. Цкъа, йохьаралаьцна волу стаг, шай тидамера атта ца волуьйту цара, иза мел цIена валахь а. Ткъа, стаг чуволла бахьан-м лаха хала а ца деза церан.