Оьрсийчоьнан берашлахь кхуьуш ю ксенофоби

Махках, пачхьалкхах, къаьмнийн башхаллех дерг цхьабосса ледара девза школашкарчу дешархошна Москох а, Петарбухахь а. Иштта цхьабосса ца беза царна кхечу динера нах а. Амма и конфликт шайн-шайн хьесапехь къастайо цара а, вукхара а. Иштта ду Оьрсийчохь дешаран тергоечу урхалло бинчу талламан жамI.

Дукха хан йоццуш дешарна тIехь Iуналла латточу «Рособразнадзор» урхалло зийна Москохарчу I6 а, Петарбухарчу 7 а школашкахь лакхарчу классашкахь доьшучу берийн хIун проблемаш ю тахана, муха го царна гонахара дахар.

Гучудаьлларг ду, хьелаш вовшех къаьсташ хилар.

Хьалхара проблема ю дешархошна бен дацар, муьлхачу пачхьалкхехь шаьш деха, мила ву президент.

Дашна ала, баккхийчийн ойланаш яц уьш хьийзош.

Москох дехачу берийн жоьпашца а хаало, хIиттийначу хеттарийн дIоггара ойла а ца еш деллийла цара жоьпаш.

Ткъа Петарбухехь проблема мел а кхечу агIор го. Шайна хIиттийна хеттарш дукхахдерш жоп ца луш дитина цара, цхьадолучарна жоьпаш делла, шаьш нийса доцийла шайна а хуъушехь.

Масала, дакъа лоций аш ишколерчу социалан проекташкахь, аьлла динчу хаттарна делла жоьпаш: «Суна интересе ца хета. Осала хIума хета дакъалацар кеп-кепарчу проекташкахь!»

ШолгIа проблема ю, шайна-шайггара довзийта хетарг долу дешархой кIезиг хилар, шайн хьажамаш болу къона адамаш кIезиг хилар. И проблема шина а гIалин дешархошлахь хаало, амма гучуйолу тайп-тайпана.

Масала, анкетитIехь «толеранталле» боху дош масийтаза яздо, ткъа ца девза оцу терминан маьIна.

Кхечу къаьмнийн бахархошца собаре, бертахь хилар, церан гIиллакхийн ларамбар – бакъйолу толеранталла – иза кхетош а дац шина а шахьарарчу бераша.

Ишколашкара гIаддайна хьал теллинчул тIаьхьа, оьрсийн керста динан гуманитаран академин аспирантна Малафеева Маринина дешархошна лерина программа кхолла еза аьлла хета.

Хьехархошна хьалха хIитто еза цхьацца ситуацеш, оцу дешархочунна шенна ойла кхоллаяла аьтто луш, боху Iилманчас.

Билгалъяьлла кхоалгIа проблема: тоаме дац дешархойн оьздангаллин ламастех, гIиллакхех долу хаарш. Масала, Москохарчу дешархоша анкетехь «хьан мехаллаш» аьллачу могIарехь яздо «хазахетар».

Къоман ламасташлахь билгалдоху «ГIура-беттан 3I-чу буса прнезиденто къам Керлачу шарца декъалдеш хилар», «барамашкахь фейерверкаш кхийсар», «килсе а, маьждигашка а эхар» а хьахийна, «оьрсийн Пасха долчу дийнахь массо а килсе ваха веза» боху.

Шина а гIаланашкарчу берийн хаарш цхьатерра ду, яц берийн кхетамехь динан мехаллаш, ца девза ламасташ. Иштта ду тергамчийн жамI.

Кхин цхьа сингаттам а бу дешархойн дахарехь, уггар а кхераме лара мегар долуш.

Динашца бен къестамаш. ХIораммо а хастадо шайн дин, аьшнаш до кхечераниг.

Москох а, Петарбухахь а цхьатерра дера лаьтта и кеп. Берийн кхетамехь ксенофоби еха уьш кхиина а бовлале.

Школехь девнаш стенна дуьйлу хаьттича, кхо бахьана далийна бераша: дешархой цхьана динехь цахилар, хIоранна а шен-шен дин тоьлуш хетар, мигранташка цабезам.

Школан дахарехь берашна хьалха и тайпа хIуьтту конфликташ баккхийчеран гIоьнца листа еза, аьлла хетарш бу кхиазхошлахь алсам.

Масалина даладо берашна цхьана школехь хIоьттина хьал.

Цхьадолу бераш классерчу дешархоша шайн тобане ца дуьтуш, къестош, Iиттарш еш леладо.

Ишта хьал хIоьттича, хIун дан догIу шена тIехь ницкъбечу дешархочо, аьлла деллачу хаттарна кхиазхоша хьоьху тайп-тайпана некъаш: полице хаам бан беза, дуьхьало ян еза, хьехархоче арз дан деза, шен дега-нене гIо деха деза, да-нана холчу хIоттон ца оьшу, хьехархошка дийцар гIоле ду, полице хаам ца ваьллачу денна бен мегар дац», аьлла ду жоьпаш.

Ишта некъаш бегIийла хета Москохарчу дешархошна.

Ткъа Петарбухерчу кхиазхошна, жима велахь а, воккха велахь а, стага шен проблемаш ша ерзон еза, аьлла хета.

Гуш ду, Петарбухерчу кегийрхоша шайн гIуллакхаш баккхийнаш юкъа а ца балош, шаьш дерзадо, буй-тIарица.

Москохарчу цхьана школехь 5-чу классехь доьшуш ву журналистан Мурадов Мусан кIант. Маршо Радионо хаьттира Мусага, кхечу къоман школехь доьшучу хьан кIентан хуьлий конфликташ шеца цхьаьна доьшучу берашца, аьлла.

Мурадов: «Вайн чуьра кIант 10 шо кхаьчна ву, 5-чу классехь Москохарчу школехь доьшуш а ву иза. Иза нохчо ву, нохчийн хIусамера ву аьлла, цхьа тайпа новкъарлонаш, халонаш хуьлуш меттигаш суна хааелла яц, бакъдерг дийцича.

Иза доьзна хила мега, и кIант ша Москох вина а, берийн беша лелла а, кхиъна а хиларца, амма цо доьшучу школехь цуьнан проблемаш хилла цкъачунна схьагучудаьлла хIума дац.

Оьрсийн берашца цуьнан гергарлонаша а ду, цаьрга хьошалгIа а оьху иза, кхуьнан вина де хилча? и бераш вайга схьа а догIу, дешарца дика ларош а ву».

Ша Мусас ма-бохху, гарехь цуьнан кIанта доьшу школа башха ю, я цуьнан кIант вина а, кхиина а Москох хиларе терра, цигарчу берех дIаийна, къаьсташ а вац.

Амма берийн ксенофоби де дийне кхуьуш, зирха тосуш ю. Цуьнан масалш денна ду зорбанехь, шаьш кхиазхоша дозаллина Ютюбе йохкий а карадо кхечу къамьанашка цабезам гойту видеотоьшаллаш.