Къизачу шоу-бизнесехь дIатарвелла схьавогIуш ву Умханов Шарип

Умханов Шарип. 2014, автор Элина Исмаилова

«Аз» цIе йолчу конкурсехь, шолгIа меттигаца юккъера велира Шарип. Амма, дукхачу хьовсархошна кхеташ дара, иштта похIма долуш волу артист эрна арахь вуьтура воцийла. И къийсадалар дIадаьлча, цуьнца контракт йира Лепс Григорийн продюссеран центро.

«Аз» цIе йолчу программе кхачале Умханов Шарип, готтачу гонехь бен вевзаш вацара. Амма, тIемаш а лестош, леккхачу стиглахь лелаш долу аьрзо санна, паргIата цуьнан аз хезча, цо йисаре лоцу муьлха а. Иштта йийсаре лаьцнера цо оцу программехь, жюрихь мел хиина Iаш верг.

«Аз» цIе йолчу конкурсехь, шолгIа меттигаца юккъера велира Шарип. Амма, дукхачу хьовсархошна кхеташ дара, иштта похIма долуш волу артист эрна арахь вуьтура воцийла. И къийсадалар дIадаьлча, цуьнца контракт йира Лепс Григорийн продюссеран центро. Тахана ша, Шарип, Москохахь вехаш ву. ХIора де аьлча санна цхьаццанхьа концерташкахь дакъа а лоцуш болх беш ву иза. Шен доьххьарлерчу альбоман тIехь къахьоьгуш а ву. Маршо радионо телефонца къамел дира иллиалархочуьнца, цуьнан кхоллараллех а, хийцаделлачу дахарех а.

Умханов: «Хийцамаш дукха бу. Уггаре а хьалха нахана вевзина со. ЛадогIархой а бу сан дуккха а. Дикачу агIора хийцамаш хилла. Оьрсийчоьнан шоу-бизнес а евзина суна. Болх муха бан беза а Iемина суна. Айса дIаолуш долу иллеш дIахазийта аьттонаш хилла сан. Хьалха-м башха бала а бацара цхьанна а. И конкурс бахьан долуш ду и ша дерриг. Хьо вевзаш ца хилча, нахана ца оьшу-кх ахь лелош дерг».

Шоу-бизнесан шен луьра низамаш ду. Iуналле лаьцна волу артист кхоллараллехь шен лаамехь ца хуьлу дукхачу декъана. Ишттачу хьолехь ву Умханов Шарип а. ДIаолу эшар а, кхоллараллехь доьзна мел дерг, цаьрца дагаваьлла дан дезаш ду цуьнан. Цундела, Шарипан репертуарехь нохчийн маттахь эшарш кIезга ю.

Умханов: «Альбом тIехь болх беш ду тхо. ВорхI илли дIаязйина. Кхин цхьанна тIехь болх беш ву. Кхиъ массийта дIа а язйина, тIаккха хуура ду-кх, наха тIе муха оьцура ю иза».

Маршо Радио: «Шоу-бизнесан шен чолхаллаш юйла массарна а хууш ду. Ткъа, Оьрсийчуьраниг-м гуттара тамашийна юьйцу. Хьо, нохчийн амалца, муха дIатервелла цаьрца?

Умханов: «Со сайн нохчийн гIиллакхаш а, амалш а юьйла царна хууш ду. Соьца лераме хила а беза уьш, иштта бан а бу. ХIан-хIа, ас хIара дийра дац аьлча, соьга иза де бохуш, хьийза-м ца во со, бакъдерг дийцича».

Оьрсийчоь мел ю концерташца лелаш ву Умханов Шарип. Ерриге а пачхьалкхехь вевзина иза. Кхо октава эцалуш аз долуш, нохчех дукха иллиалархой бацахь а, иза шен Даймахке веана вац концертца. Ша кхайкхича, дукха хаза а хеташ вогIура вара, элира цо.

Умханов: « Къилбседа Кавказерачу дукхачу мехкашкахь, шортта нах бу тхан концерташ еш. Нохчийчохь а, Дагестанехь а и нах бац Лепсийн центран. Суна хаа-м ца хаьа, со хIунда ца кхойкху. Кхайкхича, хаза а хеташ гIура-м вара со. Цакхойкху. Цкъачуьнна».

Кхоллараллийн шен лакхане хIинца а кхаьчна аьлла ца хета Умханов Шарипан. ХIора дийнахь аьлча санна, Iемаш схьавогIуш ву иза. ДIагIерта веза, айхь йохьарлаьцна болу некъ бита а ца буьтуш, бохуш дийцира иллиалархочо.

Умханов: «Юьртахь а, кхечанхьа а ас со культуран институте воьдуш ву аьлча, боьлуш бара. Шай хьекъал ца хилар дара церан иза. Ша верриг юрист а, экономист а хила аьлла ма даций. ХIинца, дуккха нохчий бу оцу конкурсашка гIерташ. Суна хазахета, со оцу конкурсехь новатор волуш. Дуккха а кегий нах баха гIиртина, амма чекха-м ца бевлла уьш. Суна хазахетара дара, уьш чекхбоьвлча. Атта хира дара суна а».

Умханов Шарипан, Интернетехь йолчу официал агIонна тIехь массийта могIанца дийцина цуьнан дахар а, цуьнан хилла болу аьтто а. Голливудо кино яьккха сценарий язъян а ца оьшуш, цуьнан дахар ду иза яьккха мегар долуш масале, боху цу тIехь. Жима волчу дуьйна, эашаршца долу цуьнан уьйра, гергарчаьра а, юьртахоша а къобал ца дар а, ткъа, тахана, пачхьалкхехь а, дозаналла арахь а, цуьнах вевзаш иллиалархо хилар-гайтаме ду, адамана шена лиъча, да ца луш хIумма а доцийла хоуьйтуш.