Жоьжахатин неIаршка

Павленский Петр ша цIейиллинчу ФСБ-н неIарехь.

 


«Лубянкин йогу неI – иза терроран кхерам бу а бохуш, адамашна бала бохьучу Федералан Кхерамзаллин Урхаллана ен дуьхьало ю. ФСБ-но ша терроран кхерам латтабо 146 000 000 адамна тIехь". Ишттачу дешнашца йовзуьйту прессехь Павленский Павлан Iалашо.


"ХIинца вайна хаьа Жоьжахатин Кевнаш муха ду", - яздо интернетехь Павленский Петран акцех лаьцна.

 

Москох Сербскийн цIарахчу институтна хьалха. Павленскийс иттаннаш нахана хьалха хадийра шен лерган тIилдиг. 2014, ГIадужу-беттан 19-гIа де.

 

"Уьрсо дегIах йоккху лерган тIилдиг. Психиатрин цIийно дIакъастабо могушбоцурш могушчех.  Политикан Iалашонца психиатриях пайда а оьцуш, полицино шен караерзайо кхетамний, тилкхазалланий юкъа доза тоха бакъо". Иштта йовзийтира Павленскийн акци.

 

"ДIакъастор" акци. 2014, Лахьан-бутт, 09.

 

Киевера Евромайдан къобалъеш, Петарбухарчу цхьана килсана хьалха, "Маршо" акци". 2014, Чиллан-бутт, 23. 

 

"Оьрсийчоьнан бахархойн доллучух догдалар, политикан балабацар, хиндерг шайгахь доцийла царна хаар" - иштта довзийтира Павленскис шен акцин маьIна.

 

2013, Стигалкъекъа-бутт, 03, Петарбух, "Чарх" акци.

 

"Оцу акцина со шарахь кечвелира. ТIаьхьий-хьалхий адамашкара массо а бакъонаш дIайохуш арахоьцу низамаш, политикан тутмакхаш кхиар, "арахьара агенташ" - низам чIагIдархьама а доцуш, адамна дуьхьал доккхуш ду и дерриг а. Цундела хIоттийра ас и акци"


 

"Тир яккхар" акци, 2012 шо, Петарбух, Казанан Килсна хьалха, "Пусси Райтан" агIолоцуш. "Сайн батт дIатегарца со гайта воллура Оьрсийчохь дешан бакъо йоцийла. Массанхьа а Iадийна, кхераделла го адам - и суна вуно ца тов".