Бисултанов Апти. РагIу

Нохчийчоь --МахкатIе, 2016

Бисултанов Апти

РагIу

дирзина мехашна агIор
дерзина лаьтта цхьа рагIу
суна мел безначу нехан
аьзнаш шен тхов кIелахь дехаш

дIадовлий дIадоьлху мехаш
схьадовлий схьадогIу мехаш
кегаеш бIаьрлагIаш нехаш
дагарадийцарехь дехаш

дирзина заманна агIор
чекх са гуш лаьтташ ду рагIу
суна мел безначу нехан
цIераш шен тхов кIелахь ехаш

дIайолий дIайоьду зама
схьайолий схьайогIу зама
кегаеш уппагIаш амалш
къегадеш Iожаллин гIама

ткъа рагIу-м лаьтташ ду рагIу
мехашна заманна агIор
суна мел безначу нехан
доIанаш тхов кIелахь дехаш

тIебогIуш некъ а бац цхьа а
тIекъовлуш неI а яц цхьа а
хIусам яц хьаша ца кхойкху
маьждиг дац молла ца кхойкху

ткъа рагIу-м лаьтташ ду рагIу
чекх са гуш массо а агIор
суна мел безначу нехан
аьзнаш шен тхов кIелахь дехаш

ишта ю со вина петар
со ваьхна со вайна четар
со суо а цуьнан цхьа аз ду
цхьа чов цхьа гIайгIане арз ду

1993 шо