«Самукъанечийн, Дош шен меттара олучийн клубаш» ю дуьнентIерачу дуккхаъчу мехкашкахь. Цундела дуьненаюкъара ларало цуьнан де а.
Москох, Оьрсийчоьнан 1-чу телеканало хIора баттахь гойтучу самукъадаккхархойн клубийн къовсамашкахь тIех баккхий толамаш баьхна яцахь а, гIеххьачул шена тIе 146 миллион хьовсархойн тидам берзош ю нохчийн клуб.
Олийла дац похIмано, кIорга маьIна а, юмор а хиларца и тоба билгаъяьлла а. Уггаре хьалха нехан тидам тIеузург ду дехха шерашкахь тIемашкахь яьллинчу Нохчийчуьра, «цигахь», «цара» вийна-ваьккхина баха бен Iаьмна а йоцчу телевизионо, герз карахь а воцуш, я полицин декъе валийна левеш а воцуш, бегашбан, самукъадаккха веана нохчо гайтар.
Иштта кхетайо Нохчийчуьрчу «Самукъанечийн, Дош шен меттара олучийн клубо» дIалоцу тIегIа юмор кхетош а, езаш а, оцу тобан даима а телевизионехь а, интернетехь а терго еш хуьлучу Парижехь вехачу Вачагаев Майрбека.
Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь оцу тобанца цхьанакхеттачохь, кепана цуьнан президент ларалучу Кадыров Рамзана цIеххьана, шайна самукъадаккхархошна дагахь а доцу совгIатдина.
«Вконтактехь» оцу хьокъехь яхдо Кадыровс ша: «Ас доггах декъалйира КВН-тоба, ирс-аьтто хуьлийла элира. Ткъа ирс а ца дисира тIаьхьа – хIора а 11-нна болх кхечира Iедалехь, парламентехь, министраллашкахь. Тешна ву, уьш сихха боьр бу керлачу хьелех, цара шаьш дикачу агIор гойтур бу».
Даржех Кадыров Рамзана совгIатден коьчалш йина ю дикка хан. Кхушара аьхка кхин дешаршкахь кхиамаш баьхна а, я белхашкахь зеделларг IаIийна а воцчу, хьалхо мехкан шахьарахь мэр вина охьахаийначу 27 шо долчу кIентах – Кадыров Исламах – Кадыров Рамзана вира шен администрацин куьйгалхо.
Кху деношкахь КВН-ерчу берийн санна, шашах боккха аьтто белира жимчу стеган Тамаев Iаьрбин а кхо шо хьалха. Инстаграмехь ша кест-кеста хесторца шена тайначу цунна Кадыровс делира Iедал халкъаца дузучу, юкъахь зIенаш латточу урхаллин куьйгалхочун дарж. Бакъду, ши бутт боллушехь Тамаевга елла министралла дIакъевлира Кадыровс, ша Тамаев шен администраце дехьаваьккхира.
Оьрсийчохь лаккхарчу куьйгалхошна, масална аьлча, президентна Путин Владимирна,
даржаш декъар нах бола а боьлла, дахаре дижина а даьлла гIиллакх ду. Петарбухарчу мэрехь цуьнца цхьана декъехь болх мел бинарш, цхьана спортзале мел лелларш а санна бу министраш, олигархаш.
Цундела ца дуьсу шен самукъадаьллачохь, я шен самукъадаьккхинчохь Кадыров Рамзана даржаш дIасадекъарх цецвийла а.
ДIаяхана гарехь, нахе Iедало даржаш церан хааршца, юкъараллехь болчу ларамца дустуш лаккхара даржаш доькъу зама.
Хьоло дагавоуьйту шен амалехь ваьхна, халкъаца къиза хиларца нехан эсехь висина латинийн император Калигула. Инцитат олуш (иза «чехкайодург», «масаниг» бохург ду) айгIар хилла бах цуьнан.
«12 цезаран дахар» цIе йолчу жайни тIехь историка-яздархочо Светонис дитинчу тоьшаллица а догIуш, Калигулина чIогIа езаш хилла и шен говр. Цунна цо мармаран ага а тIехь дина хилла чуйижош, пийлан деIахках дегна а хилла ага. Дашох кхелина хилла химолу къулло а.
АйгIарна гергахь тIех айдина, гIаране къамел динарг воьйтуш а хилла Калигулас. Шега хьожуш, шена тIехIиттийна леш а болуш, нах цхьацца гIуллакхна шена тIе а кхойкхуш хилла дино. Аьлча а, шен хьомечу говран цIарх кхойкхуш хилла нах шена тIе Калигулас. Говрана официалехь делла хилла бах цо Риман сенаторан дарж.
Калигулах а, Инцитатах а долу дийцарш дагадохкуьйту «Самукъанечийн, Дош шен меттара олучийн клубана» Соьлж-ГIалахь Кадыровс даржаш декъаро.