Шайн бакъонийн Iуналдар оьший-те нахана?

Оьрсийчохь дахар бакъоларъярхой боцчу хьесапе кхачийна Кремло. Цо хIун дохьу, дика ду иза я эшна ду адамашна? Хаттарна жоьпаш ло Нохчийчуьрчу бахархоша.

Тахана эзарниш вайнахана билггал хууш ду мел тоьллачу Европан пачхьалкхаш а, могIарерчу бахархошка боцу бехк а,харцо ца кхийдайойтуш, само еш, мичча хена а орцахой хила кийчча, церан синтеман гIароллехь лаьтташ адамийн бакъонашларьярхой буй.

Изза аьттехьа а ала дац Оьрсийчоьнна тIе а доьгIна боху цхьаболчара. Шайн хьажам кхетош цара боху : «пачхьалкх йоцчу пачхьалкхехь дан хIума дац бакъонашларьярхошна».

Николай паччахьан хенара шен дедас далийна масал а далош,хьехо болийра бакъонашларьярхой Соьлжа-гIалин кIоштерчу Дойкар-Эвларчу вахархочо Салмана. Мацах дахаран хьашт-дезарш луьстуш кхо-виъ стаг хиллачохь тахана иттаннаш хьукхмат-урхаллаш ю,амма низам,нийсо лар цаяр совдуьйлуш дIадоьдуш ду боху Салмана.

Салман: « Тхан дедас дийцарехь, паччахьан хенахь пурстоп, юртда, молла уьш масех стаг ву бохура. Къола дар,чуволлар,дIахецар-дерриге а цара луьстуш дара бохура. Ткъа тахана,тIехьажам беш, дахаран дIахIоттам тидамехь латтош йоцуш хьукхмат-урхалла а яц,амма низам лардеш дац. Цу тIе хIинца кхуллуш кхин а ю. Царех хуьлуш цхьа пайда а бац…»

Соьца къамел деш волчу Салманна гергахь Iедална муьтIахь,цуьнан куьйга кIел болу бакъонашларьярхой,Iедалдай резабар доцург нехан бала кхочуш белхой бац.Цундела цо уьш,алапаш а луш,эрна латтош лору.

Салман: « Бакъонашларьярхо мила ву? Иза эрна латтош дарж ду-кх. Цо хIун до? Кехаташ яздок-кх. Пачхьалкх йоцчу пачхьалкхехь цара дан хIума мА дац. Кхузахь Нухажиев а коьртехь урхаллла ю.Цуьнан векал ву массо кIоштехь. Цара деш кIадда а мА дац и язораш кхоллар доцург. Хьуна бакълена а эшца,цара хьуна деш гIо мА дац,я дан уьш гуьнахь а бац.»

Дукхахболчу бахархошна ца хилча йиш а йоцуш,чIогIа оьшуш хета бакъонашларьярхой. Церан хьокъехь доцца къамел нисделла сан некъа тIехь,Висхан,Iумар аьлла шайн цIерш яьхначу Новр кIоштерчу бахархошца. Цу шимма хадам боллуш чIагIдо уьш оьшуш хилар.

Висхан: «Ой,оьшу дера,бакъонашларьярхой. Нахана гIо дан а,бехк боцуш чувоьллинарг араваккхийта а..»

Iумар: «Бакъонашларьярхой ца а оьшуш меттиг ян а мА яц. Бе а бехк боцуш стаг хьийзош хилчахьа,оцу стега гIуллакхе хьажа,цуьнан хьашташ листа накъост ца веза? И ца хилча муха хуьлу иза? тахана орца ала стаг а воцуш хIакхара тIаIIийна чувуллур ву-кх. Даьлла хIума а долуш хьо чувуллуш хилча-м оццул даз а ца ло иза. Мискачу нехан гIортораш ю-кх бакъонашларьярхой.»

Массо тIегIан Iедалан белхоша, могIарерчу наха дечу къамелаш ма-гайттара бакъонашларьярхой Оьрсийчохь, ца хилча йиш йоцу нехан гIортораш,агIончаш,царех доглазархой бу. Вайнаха далочу масалшца уьш бахьнехь дукха гIоьналлин орца кхаьчна хийла де эшначунна а, харц тIеIаткъам бечунна а.