Мисарахь кема чударан бахьана терроран тохар лору ФСБ-но

Оьрсийчоьнан кхерамзаллин урхаллин (ФСБ-н) куьйгалхочо Бортников Александра дIахьедина, баханчу беттан тIаьххьарчу дийнахь Мисарарчу Шарм-аш-Шейх гIалара Петарбуха даха гIаьттина кема, Синайн ах-гIайренна тIехула долуш, чуьра 224 некъахо а леш, чударан бахьана ду цунна дина терроран тохар, аьлла.

Аэробусчохь хилларш берраш а санна оьрсий бара. «Исламан пачхьакх» олучу тобано ша дина кеманна тIелатар, аьлла, даржийра хIеттехь. Кхерамзаллин кхеташонехь Бортникова къамелдеш, оцу кхеташонна коьртехь волчу президента Путин Владимира, «тхуна карор ву Синайхь терроран тохар дайтинарг, иза дуьненан муьлххачу маьIIехь велахь а, бехкамах хьалха а вер вац», элира.

«Зуламхой кхета, бекхам хьелур боцийла», бохура Путина, Шемахь хIаваан тохарш дечу кеманийн жигаралла совйоккхур юйла а хоуьйтуш.