Туркменийн ярташна тIе тохарш дина Оьрсийчоьно

Шемин къилбаседанехьара туркменийн ярташна тIе Оьрсийчоьно шен кеманашца «къиза» тохарш дарна оцу пачхьалкхан векал Карлов Андрей шаьш жоп деха тIекхайкхина, хаамбина Турокойчоьнан премьер-министра Давутоглу Ахьмата журналисташка пIераскана.

Президентан Путин Владимирна Малхбалерчу лерринчу векале Богданов Михаиле а дIахаийтина Турокойчоьно туркменийн ярташна тIе ракеташ, бомбанаша еттарна ша резайоцийла. Деношкахь Путина дош ма-даллара, Шемахь авиатохарш жигара даьхна Оьрсийчоьно.