Байт дIайоьшург ву автор
Your browser doesn’t support HTML5
IиндагIаш - царна а ма деза вовшийн,
Бесачу, даима шийлачу царна,
Амма шаьш кхоьллина цхьа малх дIабовш бен,
Марзонан хама бан-м ца хаьа царна.
Цкъа цхьана дитта тIехь дезначу вовшийн,
Вовшийн мутт мийлинчу цу шина генах
Дисинчу IиндагIийн, мох меттахъхьовш бен,
Вовшех ца хьакхало догIмаш я гIенаш.
Я АллахI, ма марзо хила а еза-кх
Доьдучу хи тIе чуэгначу церан!
Ма дагахьбалламаш хила а беза-кх
Цкъа вовшийн дохдина доцучу церан!
Эсалчу, экамчу марзонан шовкъехь
Дегадар. эгадар бу церан мотт а,
Шайний бен къайле ца евзачу зовкхехь
Ца эшар кхин цхьа а меттар я моттар.
IиндагIаш - царна а ца лаьа хIинца
Бузучу цу малхе хIумма а хетта...
Эгавеш марзонан хIора а цинцах
Со а сайн IиндагIа хиларх со кхетта.
Цу дакъаделлачу диттана тIера
Ларамза генийн иэс цкъа меттахдалахь,
Меттахъхьов, IиндагIийн санна, сан кхерам -
Там бара со царел хьалха дIавала!