Туркойчуьра юург-мерг а, бедар а, туризм а, гIишлош а, дIаьвше лерина Оьрсийчохь.

Оьрсийчоьно Туркойчоьнна дуьхьала экономикан санкцеш кхайкхорг хиларх, шена хезна дац аьлла дIахьедар дира Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретара Песков Дмитрийс. -Туркойчуьра хIуманашна эмбарго йийра ю бохург дац иза. Цигара хила мегачу кхераман дуьхьала чIагIдарш ду-, аьллера цо.

Амма, жимма тIаьхьо, премьер-министра Медведев Дмитрийс, массо а министралшна а, федерал урхаллашна а тIедожийра, Туркойчоьнна дуьхьала ян мегачу санкцех шайна хетарг кечде аьлла.

Коьртачу декъана иза хьакхалуш ду туркойн бизнесхоша Оьрсийчохь дIахьочу инвестицийн проектех. Цхьана ГIирма ахгIайренехь туркоша 500 миллион долларан уьш йолийна ю. Цу юккъе йогIуш ю заводаш а, туристийн объекташ а, кIади деш йолу фабрика а, кхин дIа а. Уьш ша ерриш а, меттигерачу Iедалша, сацийна. Юха схьа маца йоьллура ю а ца хаьа.

Оьрсийчоьнан юьртбахаман министро Ткачев Александра а хаам бира, Туркойчуьра чуяхьачу сурсатех 15 процент пайда эца мегар долуш яц аьлла. Царна юккъахь шайна карийна бохура пестицидаш а, нитраташ а, нитриташ а, иштта кхин дIа а.

ТIебогIучу баттахь дуьйна, Туркойчуьра котаман жижиг а сацош ду чудохьчуьра. Цу юккъахь а бактериш карийна шайна боху цара.

Цхьацца лараршца, Оьрсийчохь мел лаххара а 20-25 процент туркойн стоьмаш а, хастоьмаш а ду. Ткъа, ша Туркойчоьно Оьрсийчоьнна латточу юьртбахаман продукцех беккъа пайда, ахчане диллича, I миллиард Iамеркан долларе кхоччуш бу, бохуш дуьйцу диллинчу хьосташа.

Лахьанан беттан 26 дийнахь, къаьстира, Роспотребнадзор олу хьукмат, Туркойчуьра схьакхьоьхучу берийн бедарийн дикална реза ца хилар.

-Дийна шарахь, шаьш бинчу талламо, гойту, берийн бедаршца а, мебельца а, кхачамбацарш хилар-, аьлла ду, оцу хьукматан официала хаамехь.

Сурсатех а, берийн бедарех а, бина сацам, дуьххьара хьакхалура бу, Оьрсийчу Туркойчуьра иза яхьачу совдегархойх. Шерашкахь дIанисбина болу болх, цхьана дийнахь, бухуш лаьтта хIинца церан. Несар-гIалахь, берийн бедарийн йоккхачу туьканна долахо ву Исмаилов Лема. Шеца Маршо радионна корреспондент зIене ваьлча, дуьххьара цо аьлларг дара, ша хIинца, Iаш ву, кху пачхьалкхера мича гIура вара теша бохуш. Ткъа туркойн а, оьрсийн телхачу юкъаметтигах цо иштта элира.

Исмаилов: «Туркоша, шаьш беш болу болх цIена а дика бо. Цигара чуяхьаш йолу хIума, ша диканиг ца лахь вониг ала хIума дац. Амма, ас тахана эра дара, оцу берийн а, баккхйичеран а кхераме ерг, тахана оцу Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а эскархой а, кеманаш а, ши президент а ву. ГIалахь дина долу маьждиг а туркоша дина ду. Шай куралла бахьанехь, цара и юкъаметтигаш йохош хала хета суна».

Геннара, хьакъболчу политикийн санна, хьежам болуш ву аьлла ца хета нохчийн совдегархочуьнна Исмаилов Лемина, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президенташ. Цундела, иза шинна а къоманна бIостнехь доьрзура ду аьлла хета шена бохуш вара иза.

Ткъа, хIун дийр ду аш кхин дIа? 12 шарахь бина болу болх, сацора бу, я кхин цхьа агIо лохура ю, иза кхиъ дIабан, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делира Исмаилов Лемас.

Исмаилов: «Гуьржийн махкахула, Молдавера а, Хорватера а чуяхьара ю хIума. Схьаян меттиг карора ю. Механ еза хира ю-кх. Тахана Оьрсийчохь алапаш тIекхеташ дац, ткъа мехаш хьаладовлуш ду. Наха кIеззиг оьцура ю».

Даиман санна, Нохчийчоь а билгалъялла оцу девнехь. Соьлж-ГIалахь кегирхойн митинг дIаяхьара. Туркоша динчу, Европехь уггаре а доккха а, хазчу а маьждиган хьалхахь, уш емал беш карлаьцна кехаташ а долуш акци яра иза. Ала догIу, нохчийн юккъараллехь, даггара тIетовш бац туркошна дуьхьала болийначу къийсамна.