Амма дерриг а нохчийн къомо ловш болу баланаш бу цара ловраш а. Ткъа ца диллина цара дог шайн беза-бевзарш кхин гур цахиларх, шайн кошабаьрзнаш даймахкахь хуьлийла дац бохучух.
Хьалха долийна къамел дIадахдеш, Маршо Радио зIене елира Нохчийчоьнца.
Мила ву шуна Бисултанов Апти, цуьнан байташ, геннахь веха иза виц-м ца велла шуна, аьлла.
Жоьпаш дац хIумма а поэт воха оьшучех!
Кавказан къаьмнийн ассамблеян лидер Кутаев Руслан, карарчу хенахь Нохчийчуьрчу Чернокозовохь набахти токхуш велахь а, ша велира тхоьца Бисултановх дош ала зIене.
Your browser doesn’t support HTML5
Your browser doesn’t support HTML5
ТIемаш бирзинчул тIаьхьа еана зама шатайпа ю нохчийн къомана.
Цхьана агIор мел-муха а гIертахь а, дикане гIерташ, меттахIуттуш бу мохк. Вукху агIор, цIийца хьандинчу лаьттатIехь лакъийна маршонаш - дешан, кхетаман, ойланийн.
Оцу хьолехь къаьсттина оьшу муьлххачу а адамна шайн тоьллачу нехан - политикийн, философийн, яздархойн - дош. Ца оьшу тIорказчу дилла, оьшу дахаран халонаш эшочу новкъахь дог токхе дан.
Амма мел тамаше делахь а, яккхий харцонаш лелачу Нохчийчохь наггахь а вац харцо Iорайоккхуш, семантIера шершинарг дIанисвеш шен дезачу дашца я яздархо а, я политик а.
Кху муьрехь цундела мехала ду Бисултанов Аптин къамел.