Парижехь саммитехь вовшахкхетта пачхьалкхийн лидерш

Бахначу беттан тIаьххьарчу дийнахь туркоша шайн стигалахь Оьрсийчоьнан тIеман кема чудаийтарца йоьхна шина мехкан юькаметтигаш эвхьазйолуш, оьшуш схьайогIу. Туркойчоь бехк тIеэца дуьхьал хиларна, Путин Владимир лерина вац Парижерчу климатан саммитан кулуарашкахь президентца Эрдоган Тайепца цхьаьнакхета, аьлла хаамбина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара.

Парижехь мехкийн куьйгалхой вовшахкхеттачохь туркойн премьер-министра Давутоглу Ахьмата дIахьедина, цхьана а мехкан бакъо яц шен стигалан кхерамзалла Iалашъечу пачхьалкхе жоп деха, аьлла. Оьрсийн тIеман кема чудаийтале ши де хьалха а хилла туркойн стигала даьлла а, ша дуьненаюкъара низам талхинийла дIахаийтина а. Кремло санкцеш кхайкхийна Туркойчоьнна, цуьнан кхача Оьрсийчу баийтар доьхкуш.

Оцу юкъанна Атлантикан альянсан (НАТО-н) инарла секретара Столтенберг Йенса, Туркойчоь а санна, НАТО юкъайогIучу кхечу пачхьалкхийн а цIарх сингаттам дIакъадийна Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш жигара Малхбале гIерташ хиларан хьокъехь. Журналисташа бахарехь, саммитан чоьнашкахь вовшахкхетта, вовшашца вистхилла оьрсийн лидер Путин а, Iамеркан Штатийн куьйгалхо Обама Барак а. Тхайн программехь алсам дуьйцур дуо ха кхунах лаьцна.