Лулахочуьнца ийгIинарг цуьнан динца а эгIа

Оьрсийн политикаш кху деношкахь мукъа бац, Туркойчоьнан урхаллина хIуьттаре ярхьама, муьлха гIулчаш йохур яра-те бохуш. Цу хьолехь вуно „хьекъале“ некъ карийна Пачхьалкхан Думин цхьана депутатна – цо шаьш хIума юучу ресторанера туркойн кампеташ дIаяха еза, аьлла.

Хала ду оьрсийн политикийн дахар.Урхаллера охьа чу къоме хьовсош болу синхьаамаш дукха сих-сиха хийцалуш хиларна, оьрсийн къоман доттагIийн-мостагIийн могIарш дела денна аьлча санна хийцалуш хиларна, чолхе ду царна, Iедалийн хийцамечу амалшна тIаьхьа а кхуьуш, олуш ма-хиллара, трендехь хила.

Амма шаьш дууш долу нехан хьакъ эрна дуу ца моттийта, къар ца луш къахьоьгу оьрсийн политикаша, къаьстина парламентхоша, Кремлера мох хьаькх-хьаькханчу агIор лесташ.

Церан лерса вуно сема ду, лакхара, Iедалийн тархашкара охьа хьежочу синхьаамашна. Уьш дика кхета, шайн харжамхойн стенца Iехон беза, муха лакха беза я царна хIун къахьдан а, хIун марздан а деза бохучух.

Иштта ду кху деношкахь оьрсийн политикаша Туркойчоьнца доьзна шайгара гойтуш долу доладарш а, вуно шуьйра фантази церан хиларан тоьшаллаш деш йолу инициативаш а. Оьрсийн бомбешйетта кема туркойн стигалан доза лардаран ницкъаша чудаийтинчул тIаьхьа шина пачхьалкхана юккъехь дов даьлла шозлагIчу дийнахь оьрсийн Iедалхошна цIеххьана гучуделира, туркойн сурсаташ вуно кхачамбоцуш хилар.

И санна долу кхачамбоцурш вуон а, дика а Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш галмарзаха евллачу пачхьалкхерчу сурсаташца карорна тIехь гIарваьлла хилла волу Онищенко Геннадий ши шо хьалха даржера воьхнехь, амма цуьнан гIуллакх, кIела ца дуьсуьйтуш дIакхоьхьу цуьнан тIаьхьалончаша.

Иштта, масала, Онищенко Геннадийс майра гучудаьхнера шен хенахь Гуьржехарий, Молдаверий чагIарш а, Беларуссера шура а, Балтикерчу пачхьалкхашкара шпроташ олуш йолу чIерийн консерваш а, Литвара шура а, Украинера марзолгаш а, - цу пачхьалкхийн Кремлаца дов я тIом болушехь, - дегIана зенехь хилар а, оьрсийн стандарташца догIуш доцу кхачамбацар цаьрца хилар а.

ХIинца, Туркойчоьнца Кремлан дов а даьлла, цу девнан йилбазмохь къоме охьа кхаьчначул тIаьхьа, туркойн кампеташ могашаллин вуно уьне хилар гучудаьккхина Жириновскийс куьйгалла дечу ЛДПР партин цIарах Пачхьалкхан Думин депутат волчу Свинцов Андрейс. Ала дашна, Нохчийчуьра цу партин декъан цIарах парламенте хаьржинчу Свинцовс журналисташна гайтира, ша Думин буфетехь эцна долу туркойн кампетийн гIутакх.

Кхачамбацаршций а, харцонашций къийсам латторан гIаролехь волчу депутата дийцира, и кампеташ йиинчу цхьана харжамхочуьнгара латкъаман кехат кхаьчна шен парте, аьлла.

Цу латкъамехь дийцина хилла, цу стеган шина дийнахь кийра хьийзина хиларх лаьцна. Свинцовс ца хьахийра, и шайна кхачна долу кехат оьрсийн СУ24 кема чудаийтале хьалха яздина дара, я цу стеган туркойн кампетех кийра лаза балар оьрсийн-туркойн дов даьллачул тIаьхьа лазаболабелла бохург.

Амма Думин аппарате ша сихонца кхайкхам хьажон дагахь хилар хаийтира цуо, и кампеташ кхин шаьш хIума кхоллучу буфетехь ма йохка аьлла.

„Нагахь санна царна юкъехь зене хIумнаш хилар гучудалахь оха урхалле кхайкхам бийр бу, уьш а Туркойчуьра Оьрсийчохь дохка ца магочу сурсатийн декъа яхийтаре“, - элира цо.

Туркойчуьра Оьрсийчохь дохка ца магочу сурсатех аьлча, уьш оьрсийн урхалло шинари дийнахь зорбане даьхна.

ТIебогIучу Дечкен беттан хьалхарчохь дуьйна кхин духкийтар дац ткъех туркойчуьрчу сурсатийн кеп, шайна юккъехь жижиг а, стоьмаш а, хастоьмаш а болуш.

Оьрсийчоьно туркойн кхачанийн сурсаташна санкцеш кхайкхинийла хиинчул тIаьхьа шинара а, кхаари а деношкахь Москохарчу а, кхечу яккхийчу оьрсийн шахьаршкарчу а туькананашкара ехачу ханна Iехкон йиш йолу хIумнаш дIасаийеш бу бахархой бохуш дийцира Маршо Радиога Москох ехачу Дудаева Маликас.

Дудаева: „Москохахь йоккха ажиотаж ю. Туркочуьра кху гIала чудахьаш инзаре дукха хIума ма дарий, помидор, наьрс ерг а, жижиг а, экзотике стоьмаш а, иштта дIа кхин а. ХIинца уьш дIасацийча, долчунна тIе а мехаш тIекхетар ду, массо а хIума юха а язлур ю. ТIедогIуш керла шо а долуш, нах вуно гIайгIанехь бу.

Шайн аьтто болчара жижиг -хIума гIорайайта дагахь хIинцехь ийдо тIаьхьалонна олий, амма иза маццалца лаьттар ду мел эцча а. Хала хета политикаш лелориг бахьана долуш адамашна халоне хIума дирзича. Нахана бале долуш нисло-кх цу политикаша лелориг даима а“.

Цу юкъана цхьаццаболчу аналисташа дийцаре деш ду, туркойн-оьрсийн санкцийн тIом болуш хилахь, муьлхачу пачхьалкхана алсамох зе цунах дала там бу бохург.

Иштта, масала, немцойн Оьрсийчоьха эксперт волчу Эссентер Юргена меттигерчу телевизионехула дийцира, карарчу шарахь Туркойчоьно Оьрсийчу сурсаташ дохкарх чул пхеазза сов Оьрсийчоьнна Туркойчу эскпорт ярна са алсамох аьлла, аьлла.

Цул совнаха, оьрсийн туристаш Туркойчоьнан хIуттарена цига ца боьлхуш совцар а шаьш оьрсашна лазамех хир ду, туркошна чул а аьлла тешна ву аналист.

Цкъа делахь, Мисрера кхерамазаллин хьал тешаме ца хилар бахьана долуш цига баха йиш йоцуш бисина оьрсий къайлах а, къулах а Туркойчу ца оьхуш Iахь тамаша бу, ткъа, шозлагIа делахь, Туркойчохь садоIар оьрсашна дезна ца Iаш, доллучу дуьнентIехь а вуно сийдолуш ду.

Масала, немцошний, ингалсхошний, автсрихошний уггаре а садоIуш хазахета мохк бу Туркойчоь. Цундела оьрсийн туристаш ца богIуш совцарх царна шаьшна беш, туркошна башха хIуьттаре хир яц аьлла тешна ву Эссентер.