Къоман цIарах бохуш гIулчаш яха кIадо ца йо Нохчийчуьрчу Iедалехь болучара. Шайн лаамехь арабевлла сурт а хIиттош, бертахь а, бертаза а адам гIалин урамашка а доккхуш, емалбо дуьненара цхьацца хиламаш а. Иштта, халкъан лаам болчуха хIиттабо бо маьршачу нехан цIий Iанийначу эскархошна хIолламаш а.
Политикерчу куьйгалхойн лааме хьожий тохку Оьрсийчохь цIерш гIаланашна, ярташна, урамашна, майданашна. Ткъа и политикаш церан оппоненташа хийцича, юха а хийцало адамийн сийдеш техкина цIерш.
Нохчийчохь а ду изза хьал. Тахана Соьлж-ГIалахь а, ярташкахь а ду урамаш, майданаш, хIолламаш ши бIе шо хьалха хьовха, ткъа шо хьалха а махка тIамца баьхкина хиллачу оьрсийн эскархойн.
Ду и эскархой цIий Iено хьежийначу хьаькамийн урамаш а, майданаш а.
Цуьнца доьзнера Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар.
Шуна муха хета, хила езий Нохчийчохь Путинан Владимиран, я Псковскерчу десантникийн цIарх майданаш, урамаш?
Мел нийса ю тахана урамаша, майданаша лелаен цIерш? Мел догIуш хIиттийна махкахь цхьацца адамашна лерина долу хIолламаш?
Иштта ду хаттарна жоьпаш.