Азербайджанан мехкдаьттах цIеяьлча

Азербайджанан мехкдаьттан компанин коьрта инженеро Алирагимов Балдамирзас бахарехь, шоьтадийнахь Таркхойн хIорда тIехь лаьттачу мехкдаьттан платформех хьокхучу мохехь цIеялар бахьана долуш билггала хууш ду 6 стаг веллийла, лохуш ву хIинца а 23.

120 чаккхарма бердана юьстах, хичохь Iуьллу платформа меттахIоттийна. Ткъа байна болу нах карор болучух тера ца хета хьал тергалдечарна, шайлахь Азербайджанан мехкдаьттадаккхархойн бакъонаш ларъечу комитетан куьйгалхо ГахIраманлы Мирвари а волуш.