Гайтукаева Бана. КIордийна суна яха...

Нохчийн кешнаш

"КIордийна суна яха,

КIордийна хIара дахар,

Кепекан меха ца хета-кх суна"

Ма дукхамма олуш хезна суна...

Амма...

Ма дахлуш хилла-кх и дешнаш,

Бехк боцу дахарна вай йина чевнаш,

Ас хьоьга хийлазза баьхнера "дахар ца деза",

Ткъа тховса и дешнаш легашкахь

Хораман шед хилла сеца.

Кхийтира со цунах,

Лазаро даздинчу бIаьргашчохь

Цхьа можа бIарлагIаш сецча,

Кхийтира со цунах,

Суна дан гIо доцуш, беснеш тIехь

Сецча цхьа маьлхан бIаьрхиш.

ХIун де ас, ма дохкояьлла со, доттагIа,

Лазаро шелдина сан куьйгаш,

Хьайчаьрца дох а дай тховса,

ГIо дехьа, ницкъ эшначу суна

ХIара дахар цкъа маракъовла,

Сел мерза, сел доца вайн дахар

Цкъа маракъовла...

ГIо дехьа..