Кху тIаьххьарчу хенахь хьехархой а, лоьраш а биста кхаччалц Iедалан балхахь болу хенара нах, хIинца дIабоху, тIаккха дIабоху бохуш, кIохцалш тIехь санна ладегIамехь кхобуш бу урхаллехь болчара.
Уьш, 60-ра бевлла божарий а, 55-шераш кхаьчча зударий а пенси дIахьовсор карладоккхуш рогIера тулгIе йолийна Нохчийчохь.
Iедалхоша цу хьокъехь дIаехьна кхеташо юх-юха а гайтина телевизионехь. КIоштийн куьйгалхоша мукIарло дина кIира хан ялале шаьш пенси баха хан йолчу белхошца дерг къастош цхьалхо йоккхур ю аьлла.
Дерг аьлча, и барта дина омра дахаре дерзадахь, цхьайолу ишколаш дIакъовлий бен ца оьшу. Хьехархоша холча а хIуьттуш дуьйцу, зене хилар цахилар тидамза а дуьтуш, маьIна гахь а, ца гахь а Iедалдайн аьллар-лаам кхочушбан маьхькIамхой тохабаларх.
Iедалехь болчарна бакълена а моьтту техьа хьахархой а, лоьраш а, кхиберш а дIабаьхча ,шо-шаре мел долу а дукълуш лаьтта болх-некъ боцчийн могIарш, шаьш и дича лилха дохур ду?
Карахь дипломаш хиларх кегийрхой хаарш доцуш, гомха кхетам болуш буй ца хаьа- те царна? Цу а, кхечу а хеттарша садуу, тIекхуьучу чкъуран жимма а бала болчеран.
Кху гIуран беттан 7-чу дийнахь, бахархошна болх-некъ хилийтар хьокъехь дIаехьначу кхеташонехь дийцинарг ахкаме диллича го говзанчаш мукъабахар бегашена а доцуш юьхьарлаьцна хилар.
«Нахана болх-некъ хилийтар уггар чIогIа тидаме эцначех цхьаъ ду Iедало. И болх марсабаккхар бахьанехь хьалха 76% хилла болх-некъ боцчийн терахь тахана I3.9» охьадалийна.
Яккхий проекташ дахаре ерзор бахьнехь хIора шарахь керла белхан меттигаш кхуллу. Делахь а болх безарш хьесапе оьцучу центрехь дIаязбина бу дуккха а дипломаш йолу говзанчаш. ДIаязбина бу царна бан болх боллушехь. Кхузара гуш ду къона говзанчаш балха хIиттор лахарчу тIегIанахь хилар….». Герггарчу барамехь ишта къамел дина мехкан куьйгалхочо.
«ЛартIахь верг кхетар воцуш цIармата хIумнаш ду кху тхан районехь лелош дерг. Тхан берийн ишколера пенсехь хилар бахьнехь тоьллачех тоьлла, лакхарчу классаш хьоьхуш болу, 5 филолог, нохчийн меттан а,оьрсийн меттан а хьехархой дIабовла безаш бу, 1 математик а ву. И ишкол йилличхьана а цигахь къахьоьгуш болу лахарчу классийн хьехархойх 4-5 стаг а ву мукъабаха безаш.
Вуьшта аьлча, 25% бу боху хьехархой дIабохуш бу-кх». И къамел динарг ву шен цIе йоккхийла ца лиъна Шелковск кIоштера хьехархо.
Хьехархошка а, дай-наношка а кхета цалург ду бохура цо, церан метта хIитто хаарш а долуш говзанчаш боццушехь уьш мукъабовлийтар.
Хьехархойл башха кхеташ бац, Нохчийчохь бен кхечу цхьана кIоштехь боцчу цу боламах дешархойн цIеранаш а.
Пенсехь берш даржашкара мукъабахар хьокъехь меттигерчу Iедало йоху гIулчаш кхеталурш, уьш тIаьхьло йолуш хетарш боцу хьесап ду.
Дукхахболчара, цхьа доккха ор даьккхина, Iилманах а,хаарех а, къайле ян, царех нахана хьулам бан гIерташ санна туьду цу могIарера юкъадалориш.