Your browser doesn’t support HTML5
Халикова Асет
Дахаран некъаш
Сан дахар –
Эзарнаш хаттарех лаьтта цхьа хаттар.
Нийса жоп ца карош,
неIсагIехь лаьтта.
Сан яхар –
Сино ша дахарехь гездо сан некъаш -
Кхолламе ас дина декъаза дехарш…
Сан безам –
Массо а безамна чурт хилла лаьттарг,
И шена беллачо чим биссалц аьттарг…
Сан лехам –
ДIабайнарг декъаза, тIепаза, доьза.
Цул тIаьхьа иллешкахь бекна
берг гIоза…
Сан дахар –
Аганна тIера ас Iожалле кхехьна
сан некъаш,
Азаллехь дуьйна схьа сан
сино цхьалха до некъаш –
Дахаран некъаш.