ЮКОС-компанин куьйгалхо, Оьрсийчохь мехкдаьттан магнат волуш, набахте а кхаьчна, цигахь 10 шо а даьккхина, ша мукъаваьлча Швейцарехь ваха сецначу оппозиционеро Ходорковский Михаила кхаарийдийнахь Лондонехь ша еллачу пресс-конференцехь дIахьедина, Оьрсийчохь революци ца хилча ца йолу аьлла.
Амма и революци «маьрша хила еза», элира оппозиционеро. Шех долчунна, ша дерриг а дийр ду, и карчам машаре хириг, бохура Ходорковскийс. Карчам революцин кепехь ца хилча цабалар гойтург ду нийсонца дIахьош харжамаш бацар, Iедал хийца битина юридикан бух болуш цхьа а некъ бацар, оцу хьелашкахь ца хилча ца йолу революци, аьлла Ходорковскийс.
Путин Владимира Оьрсийчоь дуьненан изоляцина кIел яьхьна, хьаьшна демократи, иза а, цуьнан го а жоьпалле хIотта беза халкъана хьалха, аьлла Ходорковскийс шен пресс-конференцехь.