Your browser doesn’t support HTML5
******************
Эзар шеран лазам буьйцуш догIа доьлху гIийла,
Цхьаьлла хьоьхуш бода гIотту анайист а муьйлуш,
Цу лазамна, сайн цхьаьллина тховса къера хилла,
Беро буйнахь хьоза санна кийрахь дог ас къуьйлу...
Кху дуьненан массо къина и бехке деш санна.
Жоьжахатехь мIаьрго санна йист йоцуш ю буьйса,
Полла санна къахкаме ду сан чIураман серло,
ТIекаре еш кху догIанца ас дагара дуьйцу,
И ца лайна догIа чехош шийла мох чугIерта...
Ма кхардаме иэс ду-кха сан... ХьогIе дегнаш санна.
Кху буса цо со-м ца вуьгу сан бераллин кхерче,
Я езначуьн хаза бIаьргаш соь хьежначу гIала...
Лаьмнаш догуш церан лазам сох чIир хилла хьерча,
Цу лазамо шийла Iаьпказ угIучу со валий...
Кху буьйсанийн гIарпаллехь со-м виси, йийсар санна....