Элдин Микаил. ДIайоьдуш дIагIолахь, ца юьтуш деган чов ерза...

Your browser doesn’t support HTML5

Элдин Микаил. ДIайоьдуш, дIагIолахь...

* * *

ДIайоьдуш дIагIолахь, ца юьтуш деган чов ерза,
Белхийта сан лазам гуьйренан шийлачу дерзах,
Исбаьхьчу вастаца сан иэс кхин ма хьиэде,
ДIадахнарг, тIехиндерг вовшах а ма иэде.

Буьйсанан тийналлехь къехкош сан гIайгIане гIенаш,
БIаьргашца серла а дохуш сан бодане денош,
Аьрхачу сан дагах ахь гIала ма елахь,
Бала а хилий, цу гIалий чохь ма Iелахь.

Хьагделча масаро шовданан шийла хи санна,
Баккха бехк ца буьтуш вовшашна девзинчу ханна,
Мийлира ахьа-м со, хьайн акха дог Iабош,
Цхьаллано вуьгу со, хьан деган мерз хадош.

ДIайоьдуш дIагIолахь, хьайн бIаьргаш делхарх а дерзах,
ДIавоьдуш дIагIур ву со а, кхин юха ца верза, —
Гуьйренца бIаьстенан мукъамаш ца бека,
Кешнашкахь дахаран аьзнаш а ца дека.