Путинан хIора шарахь хуьлу 11-гIа зорбанан конференци хилла Москох

ХIора шарахь хуьлуш йолу Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран 11-гIа зорбан конференци хилла Москох. Иза яхйеллера 3 сохьтехь сов. Цу хенан чохь Путина жоп делира 44 хаттарна. Ша аьлча. Путин дIахьедар дира, Оьрсийчура экономикан кризисан пик чекхяьлла аьлла. Амма мехкадаьттан мехаш охьадовларна бюджет дIанисъян еза бохуш вара иза.

Туркоьйчоьнца шайн юкъаметтигаш юьйцуш Оьрсийчоьнан президенто дIахьедар дира, туркойн куьйгалхошца барт балур бац аьлла. Шайн Су 24 олу бомбанаш етта кема чудаийтар «мостагIчутнан акт» ю элира Путина.

Цо дийцарехь, Оьрсийчоь кхин дIа а тIеман операци дIаяхьа дагахь ю Шемахь. Асад Башаран кхоллам хьокъехь шайна хетарг хийцаделла дац, Шеман халкъо къасто деза шайн куьйгалхо мила хир ву элира Путина.

Украинин малхбалехь тIамехь дакъалоцуш болчу оьрсех лаьцна цу махкарчу журналисто шега хаттар дича Путина жоп делира, Донбассехь шайн махкахой бу, амма Оьрсийчоьнан арми цигахь хуьлучу тIемашкахь дакъалоцуш яц аьлла.

Немцов Борис вер хьокъехь дIахьочу талламах лаьцначу хаттарна жоп луш, Оьрсийчоьнан президенто дIахьедар дира, таллам чекхбаллалц собар дан деза вай аьлла. Кадыровца и хатар дийцаре цадина ша элира Путина, оппозицехь хилар политика ю, иза дац стаг вен веза бохург аьлла тIе а тухуш.