Арсанукаев Шайхи. Мохкбегор

Your browser doesn’t support HTML5

Арсанукаев Шайхи. Мохкбегор

Мохкбегор

ЦIеххьана кхерийна,

Лаьттан дегI дегий.

ЭхI, Латта, дийцахьа

хиллариг хьайна,

Алахьа,

ХIун цатам хилла, хьо дегий?

Я дог хьан лазий-те,

Харцо ца лайна?

Я, атом иккхина, мархаш гин гIенах?

Я жима бер гин-те къаьстина ненах,

Дестечун маьхьаро дина ша хьере,

ЦIеначу бIаьргаш чу

гIоьртина кхерам?

Алахьа, хIай Латта,

ХIун гира хьуна:

ДоттагIчо тешнабехк

Бин доттагIчунна?

Я меттахь дIатесна

Шайн нана къена,

СапаргIат баха-те кIентий дIа гена?

Я къона безам гин осалчо Iехош?

Я поэт воллура харц дешнаш лехьош?

Бендоцуш лелачийн гин аьрта яххьаш?

Я гин-те тIехьашха тоха урс айдеш?

ЭхI, маржа яI, Латта, хIун хили-техьа?

Со орцах вер ву-кх,

хьо дега ма дехьа…