ЧIагIъйина "Исламан пачхьалкх" тобанна дуьхьал кхайкхйина санкцеш

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан юкъайогIучу 15 пачхьалкхj къобулдина «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна дуьхьал кхайкхийна санкцеш кхин а чIагIъяр. Цу хьокъехь леррина резолюци тIеэцна цара.

Цу документан Iалашо ю «Исламан пачхьалкх» тобанна юкъабогIучу тIемалошна ахча луш пайда оьцу каналаш совцор. Резолюцина тIехь хьахийна ду хьалха «Ал-Кхайдина» а, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна а дуьхьал кхайкхийна хилла санкцеш цхьайолчу пачхьалкхаша кхочуш йина цахиларх лаьцна.

Кху шеран Чиллан-баттахь цу 15-тта пачхьалкхан финансийн министрех лаьтташ йолу Кхеташо кхоллинера дуьненаюкъаралло «Исламан пачхаьлкх» тобанера мехкадатта эцарна а, Шемара музейшкахь хилла мехала хIуманаш йохкарна дуьхаьало ян.

Цу кхеташонан куьйгалхо ву Iамеркин финансийн министр Линч Джэкоб. И кхеташо дуьххьара цхьаьнакхийтира даханчу Еарин дийнахь Нью-Йоркехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин штаб-хIусамехь.