Ши шо хьалха Путинан сацамца набахтера арахецна волу Ходорковский Михаил юха а лаца сацам бина Москохарчу кхело.
Ша Ходорковский карарчу хенахь Швейцарехь вехаш ву, амма хаамийн гIирсашкахь даьржина, цо кесталгIа Британехь политикан тховкIело еха там бу аьлла.
Ходорковский Михаил ши шо хьалха набахтера арахеца сацам тIеэцнарг Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вара. ХIетахь Ходорковскин нана кIелйисина цомгуш хиларх бахьана а дина, маьрша ваьккхира цо.
Бакъду, цкъа мацах ЮКОС мехкадаьттан концернан куьйгалхо а, Оьрсийчохь уггаре а тароне стаг а хилла волу Ходорковский дIахецнарг Путин Владимир хиллехь а, хIинца шозлагIчу гуонехь иза лаца сацам Оьрсийчоьнан президентера бац, аьлла дIахьедар дина Кремлан коьртачу гIентан ден пресс-секретара Песков Дмитрийс.
„Талламаш цунна дуьхьал теттинчу бехкашца боьзна бу. Вайн талламхоша цунна бехкедуьллуш дерг хIинца экономикца доьзна дац, иза стаг верца доьзна ду“, - иштта элира цо РИА Новости агенталлица шен цу хьокъехь хиллачу къамелехь.
Песковс дуьйцуш долу стаг вер I999-чу шарахь Нефтеюганск гIалин да хилла волу Петухов вер ду. Оьрсийн Iедалхоша чIагIдарехь, хIетахь цу гIалин коьрта фирма хилла йолчу ЮКОСо пачхьалкхан бюджете ясакхаш ца ло аьлла Петуховс бехк баьккхинчул тIаьхьа Ходорковскийс шен гIовсашка омра дина хилла, и стаг ве аьлла. Цул тIаьхьа дукха хан ялале Петуховс киллерша вийна карийра.
И бехкаш, ала догIу, Ходорковскин хьалха а дуьхьал туьттуш дара. Амма хIетте а Путин Владимирс шен омрица набахтера маьрша ваьккхина волу Оьрсийчоьнан уггаре а вевзаш волчу тутмакхна дуьхьал хIинца юха а зуламан гIуллакх схьаделларан бахьана Петухов верехь Ходорковский ловзийначу я ца ловзийначу ролехь ца го политологна Асхабов Хьамзатна.
Иза тешна ву, ЮКОСана экс-куьйгалхо кхин цкъа а оьрсийн талламхоша юхьарлацар ХIаагерчу кхело цу концернан куьйгалхошна 50 миллиард доллар компенсаци ялар Оьрсийчоьнна тIедожорца доьзна ду аьлла.
Асхабов: „Ходорковский лаьцначул тIаьхьа цуьнан арахь бисина я бевдда кIелхьарабевлла болчу накъосташа дуьненаюкъарчу кхеле латкъам бинера, шайгара харцонца Iедало концерн дIаяьккхина, шайна компенса ло аьлла. Ткъа иза арахоьцуш цу кхеле беллачу латкъаман хьокъехь цуьнан Iедалца цхьа муьлха а хилла а барт хиллийла кхеташ дара.
Амма кхело шен сацам бира, инзаре дукха ахча ЮКОСан долахой хиллачарна такхар Оьрсийчоьнна тIе а дожош. Суна хетарехь, коьрта бахьана цу компенсацех лаьцна ХIаагерчу кхело бинчу сацамехь ду. Оьрсийчоь и ахча такха лууш ца хилар кхеташ ду“.
Цу юкъана Ходорковский ша шена дуьхьал тоьттучу керлачу бехкашна шек вац бохуш дIахьедарш деш ву хаамийн гIирсашкахь. Цуо а дуьйзира, ша юха а лаца сацам бина хилар ЮКОСана долахой хиллачарна 50 миллиард доллар такха Оьрсийчоьнна тIедожорца.
Цул совнаха, БиБиСи агенталлица шен хиллачу къамелехь Ходорковскис элира, 2016-чу шарахь Пачхьалкхан Думе хила безаш харжамаш болчу хьолехь Кремлана ша дукха кхераме духьахьалонча хетта аьлла.
Цуьнца цхьаьна Ходорковскийс шайхалла дира, 10 шо а далале Оьрсийчуьра режим юхур а ю, ша цу тIехь шега лацалуш долу дакъа а лоцур ду, аьлла. Ткъа цкъачунна цо ша Британехь политикан тховкIело еха мега элира.