Your browser doesn’t support HTML5
Шишани Iумар – и цIе шуьйрачу юкъараллина дуьххьара 20I3-чу шарахь йовза йолаелира. Шемарчу тIамехь нохчийн кегирхой дакъалоцуш хилар хIетахь шабаршца дуьйцуш дара, хуучарна хууш, ца хуучара эладиттанаш дуьйцуш, ткъа дукхахберш – ца тешаш.
ТIаккха цIеххьана хаамийн гIирсашкахь ека йолаелира Шишани Iумар бохучу стеган цIе, Шемарчу нохчийн тIемалойн баьччин санна. ХIинцалца эладиттанийн тIегIанна тIехь хилларг официале дирзира, дийна цхьа тулгIе Шемара ШишанигIар гучу а бохуш.
Цу цхьаттера екаш цIераш йолчу нахалахь Iумар Шишанил сов Муслим Шишани, СайфуллахI Шишани, Хаттаб Шишани, Абу Муса Шишани, Салахаддин Шишани, иштта дIа кхин а бара.
Амма нагахь санна и берриш а Шишаниш, кхин хIуммаъ дацахь а, билгал нохчи хилар шеконе дацахь а, Абу Iумар Шишанис, аьлча а Батирашвили Тархана, ша нохчо волучуха цIе эцар, шеко а йоцуш, цуьнан хIилланца а, леларна говза хиларца а доьзна дара. Нана ПIаьнгаза чIожера мIайсто йолчу Тарханан да Батирашвили Тимур къомах гуьржи ву, кериста динара а волуш, цуо ша хаамийн гIирсашкахь массийтаза билгалдаьккхина ма-хиллара, шен динна муьтIахь а волуш.
Ша Тархан а, цу кепара, гуьржи ву, амма Гергарчу Малхбалехь а, доллучу дуьнентIехь а- мел кIезга а, тIемаш болчу меттигашкахь, - нохчи совтIех майра а, дика а тIемлой санна гIарбевлла хиларна, цуо ша нохчо волу кеп тIеэцнера, цIе хийцарца.
Иштта дуьненчу велира хIинца Абу Iумар Шишани санна вевзаш волу керла Батирашвили, ДаIиш тоба кхоллале доккхачу декъехь кавказхой а, нохчех а лаьттачу тIемлойн баьчча санна. ХIетахь, цу юхьенца, хIинца ДаIишса шайна дуьхьал тIемаш беш йолчу кхечу тIемалойн тобанашца бертахь вара Абу Iумар Шишани, цуьнан гуонехь вара Нохчийчохь а шеца тIеман хьуьнаршца ца ваьллехь а, амма тIемалошна Имарат Кавказан концепци коча тассарца гIарваьлла волу Умаров Iиса а.
Бара цуьнца цул тIаьхьа цуьнца мостагIалла лаьцна болу кхин болу Шишаниш а, масала, ши шо хьалха кхелхина волу Сайфулла Шишани я хIинца а Шемахь ДаIишна а, Асадна а шинна а дуьхьал тIом беш волу Муслим Шишани.
Батирашвили Тарханан бакъболу нурлепа седа амма ша шех Исламан пачхьалкхе олуш йолу ДаIиш тоба юккъеяьлча къега болабелира. Шеца масех бIе тIемло а эцна, ДаIишах дIакхеттачу цуо вуно дукха нохчийн бераш а дIадигира.
Асадна дуьхьал тIом бан а, гIийлачарна гIо дан а бохучу романтикаллечу Iалашонца Шема кхаьчна болу уьш кесталгIа ДаIишс уггаре а къизачу тIемашка а кхуьйсуш, доккхачу декъехь кхечу тIемалойн тобанашна дуьхьал, дукхахберш байъира.
Амма ДаIишах иза дIакхетале дара Батирашвили Абу Iумар Шишанин тIемлойн баьччин санна долу похIманаш вуно шеконе. Цуьнан тактика, Шемара хьал дойзучара, мацах Советийн хиллачу маршалан Жуковн тактикаца юстура, салти мел дукха байъарх бен ца хеташ хиллачу.
Масала, Шемара Миннаг кеманийн порт схьаяккха гIерташ массийта баттахь штурм йо олий, бIеннаш кегирхой, шайна юккъехь Iожалхой а болуш, чу хохкуш, цу чуьрчу Асадана эскархоша уьш боъуш, инзаре дукха тIемлой байъитар цо.
Хьахон а оьший-теша царех доккха цхьа дакъа нохчийн къомах бара бохург. Эххар а, адамашца баккхий эшамаш а хуьлуш, Миннаг схьаяьккхинчул тIаьхьа штурмехь ша дакъалоцуш ца хиллачу ша-башхачу стратеган Батирашвили-Шишанин сий шуьйра даьржира.
Цуьнца цхьаьна хьалабелира Цхьаьнатоьхначу Штаташа Батирашвили-Шишани волу меттиг йийцинчунна бала кечбина болу мах а – кху шеран стигалкъекъа баттахь цунах 5 миллион доллар кхайкхира Iамеркан пачхьалкхан департаменто.
Ткъа хIинца, кIирандийнахь, хаам баьржина Абу Iумар Шишани Цхьаьнатоьхначу Штатийн леринчу сервиса йийсаре лаьцна аьлла. И хаам баржийнарг EIN агенталла ю. Бакъду, ДаIишан леламан шен тергонехь латточу историн Iилманчин Вачагаев Майрбекана хетарехь, цу хаамийн бакъ хилар йоккхачу шеконехь ду.
Вачагаев: „Суна иза тешаме хьоста ца хета. Цу агенталло тIаьхьарчу шина шарчохь цхьайттаза вийна аьлла даржийнера и Шишани, хIинца лаьцна бохуш чIагIдо. Оьрсийн хаамийн гIирсаш бу и хIума даржош берш, кхечу хьосташкара цхьа а тоьшаллаш дац иза лаьцна аьлла.
Амма нагахь санна иза лаьцнехь, цунах нохчашна дика болх бен, зуламе хIуммаъ дац, хIунда аьлча иза дIаваьлча, цига оьхуш болу нохчийн кегирхой лахлур бара. Уьш цигахь цуо дуьйцучух теша а тешаш, цигахь цхьа бух бу бохуш Iехалуш бу, тIаккха и бух ца хилча уьш ца боьлхуш совца мегар“.
Батирашвили-Шишани лаьцна хилар бакъделахь а, дацахь а, ДаIиш тобанан гIуллакхаш тIаьхьарчу кIиранашкахь ледарчу хьолехь долчух тера ду. Иштта, мукъаденошкахь Иракъерчу пачхьалкхан эскархоша кху шеран зазадоккху баттахь ДаIишо дIалаьцна хилла Рамади гIала юхаяьккхина.
Ткъа ши-кхо де хьалха рогIерчу аудио-кхерамашца эфире ваьлла хилла ДаIишан куьйгалхо Абубакар БагIдади, цхьаццадолчу хьостанаша чIагIдарехь, тоххарехь Либе дехьаваьлла.