Хан хIун ю, цхьанна а хууш дац, аьлла, грекийн философа Аристотела. Амма нахана иза лара хууш хилла. Уггаре а гIийлачу къомо а йоькъуш хилла иза, де-буьйсанна, шерийн а, беттийн а, кIирнийн а билгалонашца. Этнографийн талламашца хенан мах хадо а, хамбан а, къам долало цуьнан синкхетам лакхабаьлча а, цхьацца чолхаллаш шена тIехоьттича а.
Дукхачу нохчашна тахана а дикка евзаш яц масала, беттанийн а, кIиранийн а цIераш. Цуьнах дуьйцу нохчийн этнографа-историка Хасиев Сайд-Мохьмада.
Your browser doesn’t support HTML5
Сахьташ лара хууш хилла нохчашна. ХIинца и говзалла йисина а яц. Шена жима волчу хенахь гина иза деш, аьлла дуьйцу этнографа Хасиев Сайд-Мохьмада.
Your browser doesn’t support HTML5
Хан къастийна а ца Iаш, цуьнца кхачанан зама а хIоттош хилла нохчаша. Хууш ду, масала, хьонка-IаьнтIехь, нитташ-бIаьста бууш буйла. Хингалан а, чIепалган а шен хан хилла. Иштта, лахьанан беттан цIе а ю нохчаша кечбечу кхачанан цIарах лелош, аьлла, дагадоуьйту этнографа Хасиев Сайд-Мохьмада.
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчохь тIаьхьарчу шерашкахь, сих-сиха хеза цхьацца кхайкхамаш, Керла шо бусулба наха даздан оьшуш дац бохуш. Иза хан екъаран билгало ю. Дац иза дIахоттиначу базан суждане эхар, хьекъалчаш бу шаьш бохуш цхьаболчу наха ма дийцара. Адамаш хьайбанех къастар, ша деш дерг хаар ду. Нохчаша даиманна Керла шо тIедар билгалдаьккхина, аьлла, шен къамел кхин дIа а до этнографа Хасиев Сайд-Мохьмада.
Your browser doesn’t support HTML5
Хасиев Сайд-Мохьмадан рогIера таьптар ду арадала кечдеш. Иза ду-нохчийн дIадаьллачу а, дIадолучу а, дисинчу а дайн ширачу гIиллакхех а, ламастех а, уьш лелоран кепех а лаьцна. Дахаран массо а агIо ю цу юккъахь юьйцуш. И кинчка зорбане яьккха Iилманчан шен аьтто бац, цундела социала машенехь «Нохчийн историйн цхьанатохаралла» цIе йолчу гуламан декъашхоша, кхайкхам а бина ахча гулдеш ду цу гIуллакхан. Историк Ибрагимов Ризвана лаккхара мах хадийра Хасиев Сайд-Мохьмада бинчу белхан.
Your browser doesn’t support HTML5
Хасиев Сайд-Мохьмадца къамел деш, иза нохчийн хьекъалчех цхьаъ волун дела, хаттар кхоллало, нохчаша жоп лоьхуш долу: ХIун хилла вайна? Къоман юккъахь хилла болу хийцамаш юхаберзалура буй? Нислура дуй адамаш? Цунна иштта жоп делира цо.
Your browser doesn’t support HTML5