ГIажарийчоьнца дипломатин уьйраш дIахедийна Саудин а, Бахрейнан а Iедалша

Саудин Iаьрбийн пачхьалкхана тIаьххьий ГIажарийчоьнца дипломатин юкъаметтигаш дIахедийна Бахрейно. Цуьнах лаьцна хаам бина цу махкарчу BNA олучу хаамийн агенталло. Эр Риядо шайн ТехIранера дипломаташ цIабуьгуш бу дуьхьалонан акцин декъашхоша шайн векалаллина тIелатар дар бахьана долуш. ГIажарой оьгIазбахана бу Саудин Iаьрбийн пачхьалкхехь шиIатийн дешна стаг шейх Намра ан-Нимра верна.

И стаг вийна Саудийн Iедалша терроризмана юкъахьакхавелла ву аьлла. Цу шейхаца цхьаьна вийна кхин а 46 стаг. Оршот дийнахь ГIажарийчоьнца йолчу юкъаметигийн тIегIа лахдо шаьш аьлла дIахьедар дина Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа а, Судано а. Саудин Iаьрбийн пачхьалкх суннатхой беха коьрта мохк бу Гергарчу Малхбалехь, ткъа ГIажарийчохь Iедалехь ю шиIатийн режим.