Меттанийн нана - Ненан Мотт

Стенна олу берахь дуьйна хьуна хезачу маттах "ненан мотт", иза стенна хьашт бу?

Берашна ненан мотт Iамор, тIаьхье цуьнан зIаьнаршлахь кхиор деза ду муьлххачу а къомана. Амма дас-нанас буьйцучу маттах бераш хердовлар вуно чIогIа хаало кху муьрехь, Оьрсийчуьрчу кхечу къаьмнашлахь а санна, Нохчийчохь а, иштта дуьненан маьI-маьIехь бехачу нохчашлахь а.

Цуьнан хIун бахьана ду?

Дахаро гойтуш сурт ду, пачхьалкхо шен хьашташна юкъаозийна боцу мотт, иза мел хаза а, къорга а хиларх, халчу балехь боллу. Эконома, финансаш, бахамалла дебочу юкъараллаша буьйцуш боцу мотт шашах кхиа а, баха а буьсу, ткъа яц цунна я кхиа а, я баха а стимул.

Соьлж-ГIалахь дахначу шарахь цхьана дийнахь нохчийн яздархоша нохчийн маттахь язйинчу кинжканех лаьцна, беккъа цхьа нохчий бен бараме гуллуш а боцуш, литературан суьйре яра хила езаш.

Цига кхача лаам хиллачу Маршо Радион корреспондента шен ойла дIакъадийча, и суьйре дIаяхьа кечйинчу зудчо элира, «ян-м йола, амма оха оьрсийн маттахь-м кечйина иза».

…Ца хилира тхо оцу барамехь - тхуна цигахь хаза эшнарг нохчийн мотт бара.

Кхеташ ду, ца волу нохчо рицкъ ца лехча а, бIе сов къаьмнаша буьйцу оьрсийн мотт ца Iамийча а. И бехказло хьалхайоккху муьлххачу а дас, нанас, стенна ца Iамабо ахь хьайн берана нохчийн мотт, аьлла шега хаьттича.

Оцу бахьанийца коьрта а лору оьрсийн мотт хаар, ткъа даккхийчу сакхтех а ца лору шаьш цунна ненан мотт къебар.

Мелхо а, хена-йохалла шайн доьзалхо кхиъна, ишкол чекхъяьккхина адамашна юкъа ваьлча, оьрсийн мотт цахааро шен берана эшам бийр бу аьлла хета цхьаболчу наношна.

Дохур дац вай дай-нанойн лергех мехий. Хозуьйтур ду ненан мотт, нохчийн мотт, нохчийн берашна стенна лору коьрта шайн берийн беша лелачу къоначу вайнехан адамашна немцойн махкахь, цигарчу наношна.

Австрехь беха АбубакаровгIеран доьзал, цигахь дина ду церан кхо бер: 7 шо долу Раяна а, 5 шо дуьзна Ясир а, 3-гIа шо доладелла Исмаил а. Бераш ца дина Нохчийчохь, иза царна мичахь ю а ца хаьа цкъачунна. Ткъа ладогIал церан ненан матте.

Раяна:

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.

"Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ"!-

Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь.

Ясир:

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.

Берийн нанас Мархас дийцира Маршо Радиога шен берашна нохчийн мотт Iаморехь, биц ца балийтарехь, ша бечу балхах, хIунда аьлча, боху цо, бераша шайн мотт цабийцарна, коьртачу декъанна нана ю бехке.

Марха: Берана нохчийн мотт цахаарна бехке суна нана ю аьлла хета, хIунда аьлча, деца цара кIезиг хан йоккху, массо хаттар а, шайна оьшург а нене хотту цара. Нанас шен ненан мотт а ца буьйцуш, кхин мотт бийцахь, беро цо дуьйццург схьалоцу.

Цундела нана декхаре хета-кх суна. Вовшашца я кхечу берашца ловзучу хенахь вайн чуьрчу бераша берийн бешахь, ишколехь буьйццу немцойн мотт буьйцу, масала, ненан ненаца къамел деш, я дехошца тилпонехь къамел делахь, нохчийн маттахь дуьйцу, «уьш кхетар ма бац» а бохуш.

Ша дуьненчу далар а, кхиар а арахь долчу берашна къаьсттана хала хуьлу нохчийн шалха элпаш баха. Ткъа ас юург кечъеш, я цIерпоштаца, автобусца цхьанхьа дIасадоьлхучу хенахь а, хан эрна ца яхийта Iамадо царна шалха элпаш юкъахь долу дешнаш.

Кху деношкахь Арсанукаев Шайхис язъйина "Ненан мотт" байт дагахь Iамош ю со йоккхаъйолчу йоIана, цул жима волу 5 шо долу кIант а ву цуьнца и байт дагахь Iамош. КхиндIа лаам бу сан царна довзийта «СтелаIад» журнал, ишта нохчийн туьйранаш, дийцарш а».

Стенна олу берахь дуьйна хьуна хезачу маттах "ненан мотт", иза стенна хьашт бу хаьттира Маршо Радионо филологин докторе, Iилманче Вагапов Iаьрбига.

Вагапов: Ненан маттахх «ненан мотт» суна хетарехь, бер нанас кхиош долу дела, уггар хьалха цо цунна Iамош дерг ненехула кхочунденла, «ненан мотт» вай аьлла ца Iаш, дуккха а меттанашкахь а, къаьмнашкахь а олу.

ДIо гIаскхийн ду и "родной язык" бохуш. Хьо вешшехь хьан хилла мот бохург санна ду иза. Ненан мотт олуш нийса а, хьоме а хета суна, хIунда аьлча, ненал хьоме а, деза хIун ду дуьненахь».

Нохчаллах лаьцна даккхий хабарш а дуьйцуш, нохчий, нохчаллах боху хIуманаш тIех дукха даьржина лела Нохчийчохь. Дац ненан маттана оьрсийн маттанчул хьовха, ингалсан маттал дукха луш сахьташ школашкахь.

Бац ненан мотт я бийца а, я язбан а декхаре хьукматхой. Дац гуш йозанаш, меттан хьаркаш я урамашкахь а, я хIусамашкахь а.

Ненан мотт – аганан мотт, аганан илли. Берера ага даккхаро, иза цхьаьнхьа Тулехь я Смоленскехь динчу берийн маьнгичу дилларца а херло ненан маттах.

Ага, юхадендайша вайна вайн наноша техка а деш, шен иллеш лекхна ага, олий мохь туху вайх хийлачо. Хьаьнга? Мила ву иза хаза, цуьнан бала кхочуш….