Бахархойн патриотизм лакхайоккхуш программа тIеэцна Оьрсийчохь

ТIедогIучу шерашкахь кегирхой кхетош-кхиоран леррина программа тIеэцна Оьрсийчоьнан Iедало.1 миллиард 700 миллион сом хьажора ду оцу гIуллакхан.

Пхеа шарана лерина ю, кху деношкахь Оьрсийчоьнан Iедало тIеэцна йолу и программа. И омар арахецна премьер-министра Медведев Дмитрийс. Федералан бюджетера цу гIуллакхан хьажора ду 1 миллиард 600 сов миллион сом.

Оцу ахчанех пачхьалкхехь кхуллура ю бахархой Iедална муьтIахь кхиоран, кхечу дешнашца аьлча, патриотизман тIегIанехь йолу система. Иза хIоттийна ю аьлла, премьер-министран официалан сайтан тIехь бохуш ду, карарчу хенахь Оьрсийчоьнна хьалхахь йолчу Iалашонашца а, юккъараллера социалан барамца а.

Программан авторш бахарехь, иза болх бан йолаелча, массо а бахархойн: литературехьа а, музыкехьа а, суртдилларан кхоллараллехьа а, гуманитаран а, кхечу Iилманехьа а безам лакхабера бу. Ткъа, кегирхойн дегнашкахь кхуьура ду, текстехь ма аллара: «шайн пачхьалкхах дозалдар а, цуьнан символаш а, историйн еза меттигаш ларар а».

Иштта мехалла лору и программа кегирхошна юккъахь цо бенболчу Iаткъамца а. Кхетош-кхиоран болх жигара баьккхича, эскаран а, ницкъаллийн структурийн а, сий а айделла, цига уьш балха хуьттург хиларна хьежамаш а бу.

Документехь леррина билгалдоккхуш ду, и программа Оьрсийчоьнна тIехоьттинчу халчу хенахь кхочуш еш хилар. Программа дахаре ерзо тIедиллина кегирхойн гIуллакхехула йолчу федерала агенталлан.

И программа, оццула харж а еш тIеэцна аьлла хезча, дукхачу тергамхоша емал йина. Совета заманахь пачхьалкхан гIортор лоручу октябрятех а, пионерех а, комсомолех а тарбан гIерта аьлла хета царах цхьаболчарна. Нохчийн историка Мачигов Альберта бахарехь оцу Iалашонца юккъедаьккхина а ду иза.

Your browser doesn’t support HTML5

Коммунистийн Iедалехь санна патриоташ кхио гIерта Оьрсийчохь

Медведев Дмитрийн и программела ши бутт хьалха Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира а омар арахецнера берийн а, кегирхойн а цхьанатохаралла кхуллуш. Цуьнан цIе ю- «Оьрсийчуьрчу дешархойн болам». Кхетош-кхиоран болх цо а бийра бу, оьрсийн юккъараллийн шира мехаллаш бухе а дуьллуш. Историкан Мачигов Альбертан хетарехь, нахера муьтIахьалла еха а оьшура дацара, пачхьалкхехь нийсо ялхьарий.

Your browser doesn’t support HTML5

Нийсо хилча и кхетош-кхиоран болх а оьшура бацара

Иштта чIогIа кегирхой кхетош-кхиоран тIетаьIна Iедал хилар, Мачигов Альбертан хетарехь, хила мегачу тIаман кечамаш бар ду. Кхечу агIора ша иза ца туьду, элира цо.

Your browser doesn’t support HTML5

ТIаман кечамаш бу аьлла хета суна беш

ТIаьххьарчу иттех сов шарахь, Оьрсийчохь дуккха а кегирхойн боламаш кхоьллинера Iедалан чоьтах. Амма, дуккхах йолу и проекташ дIакъовлура хье а ца луш. Оьрсийн яздархочо Салтыков-Щедрина бIе сов шо хьалха аьлла дешнаш: «Патриотизм юьйцуш бу хIинца! Хетарехь дуккха а лачкъийна!», тахана а шен ирачу маьIанца карладаьлла.