Келнехь Керла шо даздар бусулба ларалучу пачхьалкхашкара Германе мухIажарш санна схьабаьхкинчу талорхоша къепедацарш лелорца а, зударшца эвхьаза бийларца а къахьйича дуьйна схьа бусулба дине а, бусулбачаьрга а болу хьежамаш шаьш хIинцалца схьа хиллачул а кIоршамех боьрзуш бу Европехь.
Хаамийн гIирсашкахь чIагIдо, Келнехь а, кхечу немцойн гIаланашкахь а маьттазлонаш лелийнарш бусулба кегирхой бара бохуш, и нах бусулбанаш бехачу мехкашкара хиларх а, уьш формала бусулба ларалуш хиларх а, цаьрца динца хила дезаш долу иман ца хилар а, динца хиллане а бала боцу имнах девлла адмаш уьш хилар а, я кхин хIуммаъ ца дийцича, талорхойн, зуламхойн дин я къам хуьлуш ца хилар а тидаме а ца оьцуш.
Вуьшта аьлча, шайна ницкъ бинчу зударшна а, зуламхойн закъалташна а Керлачу шеран буьйсанах бала хиллехь а, бусулба динца иштта а гома хиллачарна а боккха кхаъ хилла Коьлнехь хиллачух. Къаьстина социалан машанашкахь шайна ма-торру исламан а, бусулбачарна а дуьхьал пропаганда ян таро яьлла церан хIинца.
„Бусулба божарий зударий гича шайна дан дола долуш бац“, „ и акхачу божарийн арданга вайн зударшца эвхьаза бийлархьама баьхкина бу кхуза“, „зударий сийсазбар бусулбачу нехан шира Iадат ду“, „зуда бусулба динехь нехийн меха а яц, ткъа хIинца и шайн Iадат цара Европехь а даржош ду“ - иштта а, кхин а маьттазох а паролаша яьккхина кху деношкахь фейсбук а, твиттер а, кхин йолу социалан машанаш а.
Къаьстина и гамо шайн яIни тIехь хаало тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь бусулбачийн кхеташонашкахь а, официалан хьукматашкахь а белхаш бечу нахана. Германера бусулбачийн Централа кхеташонан, масала, даханчу деношкахь шайн фоисашкара телефонаш цхьана ханна дIахедон дезнера, сел дукха цабезаман телефонаш шайга еттарна.
Муьлш бу а ца хуучу наха, Келнехь къепедацарш хиллачул тIаьхьа даьхкинчу деношкахь зIене а бовлий, вуно боьха мотт а лебеш, кхерамаш туьйсуш а, наьIалташ кхайкхош а хилла бусулбачу хьукматхошка.
Цу кхеташонан куьйгалхочуо Мазйек Аймана журналисташка динчу дIахьедарца, цкъа а хьалха хилла дацара и саннарг, Бусулбачийн Кхеташонехь болх бечу юкъана. „Ма-дарра аьлча, телефонан террор ю иза. И зIенаш етташ болу нах бахьана долуш тхайн болх дIабахьа йиш йоцуш диснера тхо, цундела полисхошка кхайкха дийзира тхан“, - элира Мазйека.
Хьукматан куьйгалхочуо иштта билгалдаьккхира, Келнехь хиллачух цхьаболчу ницкъаша иштта шайна сайолчу агIор политикан а, идеологин а капитал яр мегар долуш хIума дац, аьлла. „Бусулба дин цу буса и маьттазлонаш лелийначу бехнанизамашчу муьжгашна цхьа а маьIна долуш а дац.
И санна долуш хIумнаш низамца дихкина ца Iаш, бусулба динехь даккхийчу къинойх ду. Цундела меттигерчу бахархошка цу зуламхошний, бусулба наханий юккъехь башхаллаш гуш хилахьара аьлла дехар ду санна“, - иштта кхайкхам бира Германерчу бусулбачийн Кхеташонан куьйгалхочуо.
Германехь хилла ца Iаш, Австрехь а тIаьхьарчу хенахь бусулбачаьрца цабезам а, бусулба дин негативечу, сийдоцучу хиламашца цхьаьнадузуш хилар а алсамдаьлла бохуш дийцира Маршо радионе Австрерчу бусулбачийн Кхеташонан прессица болх баран декъан куьйгалхочуо Багажати Амина Карлас.
Цунна хетарехь, къаьстина хIинца санначу чолхечу хенашкахь чIогIа оьшу тайп-тайпанчу динийн векалийн диалог, хIора а динан баххашкахь гIело емал еш а, дикадерг хьоьхуш а хилар тидаме а оьцуш.
Багажати: „Дуккхаъчу наха сагатдеш ситуаци ю хIара. Цхьаъ вукхунна тIаьхьа тайп-тайпанчу, дуккъаъчу вуочу, зуламечу, маьттазчу хиламашца ислам дин цхьаьнадузу хьелаш хIоттар бахьана долуш цхьана билгалчу тобан агIор „тIулгаш кхийсар“ алсамдаьлла. Хаддаза негативечу хаамашца къийса дезаш ду хIинца бусулба дин.
Цо дера тIеIаткъам ма бо нахана. Хьекъале хир дацара цу хьолехь и хIума шех ца хьакхалуш тIехдер ду аьлла цхьаццаболчу бусулбачарна хетар, вайх массарах а хьакхалуш ду иза. ХIинца хьалхачул а чIогIа оьшу вайна диалог, вайна оьшу иштта дахаро вайна хьалха хIиттош йолу теманаш вай гулахь йийцаре яр а.
Масала, хIинца зударшна божарша эвхьаза ницкъ баран тема елахь, тIаккха вай иза хьулдан а ца гIерташ, дика ду, вай хIинца иза йийцаре йий ю, цуьнан бахьанашна духе кхачархьама, массара а цхьаьна, цхьаъ вукхул тоьлашха хила а ца гIерташ, вай цхьаьна ойла йийр ю, зударшна кхузахь вай муха аьтто бан йиш ю, цхьаннах а кхера а ца кхоьруш, я къийлаяла а ца дезаш, маьрша дIасалела, цуьнан кхерамазалла муха Iалашйан йиш ю.
Ишттачу диалогехь кхоллало юкъараллашкахь „вай цхьаъ ду“ боху синхьаамаш, хIинца кху муьрехь санна юкъараллера социалан цхьаьнадахар кхерамечу хьоле а ца хIоттош“.
Цу юкъана Германехь а, цхьа могIа Европерчу пачхьалкхашкахь а бусулба дине гамо лакхайолуш хилар боккхачу сингаттамца шаьш бусулбачарна гина ца Iаш, иштта немцойн урхалллин декъахошна а го. Германин юстицин министро Маас Хайкос кху деношкахь масийтаза дIахьедар дина, Коьлнехь хиллачу талорех неонаци хьежамаш болчаьрга пайда эцийта мегар дац, аьлла.
„Юкъараллехь цIе лато луучарна и таро яла мегар дац вай, - элира цуо. - Хетало, кху муьрехь урамашкахь я интернетехь мухIажаршка цабезам баржош берш цу Келнехь хилларг санна хIума ца хуьлу -теша бохуш, цуьнга сатуьйсуш Iийна хилча санна.
Сел эхь ца хеташ цхьаццайолчу тобанаша нехан бохамах пайда эцаро хоьтуьйту иштта“, - аьлла тIе а тухуш.
Немцойн интеграцин министро Оьзогуз Айдана а кхайкхам бира ша Kölner Stadt-Anzeiger газетина еллачу интервьюхь, массо а мухIажарш хIинца генералан шеконе ца лацаре.