Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Амнести Интернешнл организацино Оьрсийчоьнан Iедал кхайкхина «къайлах а доцуш, Оьсийчуьрчу бакъоларъярхошна кхерамаш туьйсу Нохчийчоьнан куьйгалхой» жоьпе озоре. «Изза кхерамаш тийсира бакъоларъярхошна, тIаккха йийра 2006-чу шарахь Политковская Анна, 2009-чу шарахь Эстимирова Наталья» - боху Амнести Интернешнло.
«Немцов Борис веле а тийсира бакъоларъярхошна кхерамаш тахана санна», таханлеранаш а бу диктатуро ша дендолу зуламаш хьалххе гIарадохуш ден дIахьедарш, боху дуьненан юкъаралло. Иттех де хьалха Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рмазана а, цунна тIаьххье кхечу массех цуьнан накъоста а дIахьедира Оьрсийчуьра системехь йоцчу оппозицин декъашхой къоман мостагIий бу, уьш къам доьхкинчийн могIара а баьхна кхеле бало беза, аьлла.
Оьрсийчоьнан парламенто политикийн, бакъоларъярхойн аьрзнашна жоп луш, са ма гатде, иза «нохчийн къоман менталитет ю» аьлла. Президентан Путин Владимиран пресс-секретара а Песков Дмитрийс а дина Кадыровгахьа узуш къамел.
Кадыров Рамзан вазвеш къамелаш дан иттанаш эзарнашкахь нах бу пIеракскана хуьлучу митинге Соьлж-ГIала Iедало дIаийзош. Ткъа шоьтадийнахь Кадыровна дуьхьал гуламаш дIахьор бу иттех сов махкахь бехачу нохчийн диаспорша.