Полоний-210 - Кремлна тешаме герз

Лондонерчу кхело Литвиненко Александр верах лаьцначу талламан жамIаш довзийтина.

Your browser doesn’t support HTML5

Хьан вийна Литвиненко?


Оцу хиламна тIехь терго ечу дуьненан юкъаралло а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан куьйгалло а ладоьгIу дуккха а хан яра. ХIинца хелахочо Оуэн Роберта довзийтиначу рапортан чулацам гIарбаьллачул тIаьхьа шина тайпана ларайогIу цу процессаца бала хиллачийн реакци.

Цхьаьна агIор, догмовллабовлар ду дуккхаъчу аналистийн а, тергамхойн а цу рапортан чулацамах тергалдан йиш йолуш.

ХIунда аьлча цхьа а хIара аьлла керла я IалагIоже хIума гучу ца даьккхина кхело, хIинцалца схьа, 2006-чу шарахь Литвиненко Александр Лондонехь полоний дIаьвшан гIоьнца вийча дуьйна схьа хууш хиллачул сов – иза вер Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн болх хилар а, ткъа вуьйш хиллачех коьрта шиъ Луговой Андрей, Ковтун Дмитрий а хиларал сов.

Вукху агIора хезаш йолу реакци – оьгIазло а, и йоллу кхел а бегйаха гIертар а ду Оьрсийчоьнан официала агIор хазош дерг.

И оьгIазло а, кхелан сацамех кхарда гIертар а доьзна ду, Лондонерчу талламхойн белхан жамIехь ма-дарра цIе а йоккхуш, Литвиненко вие аьлла омра динарг цу хенахь Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин Сервисан куьйгалхо хилла волу Патрушев Сергей вара, ткъа кхочуш динарг Луговой а, Ковтун а вар алар.

Цул совнаха, кхелан сацамашца, Путин Владимир а цу зуламан декъа хила тарлуш ву аьлла кхело алар а.

„Луговойс Литвиненкона Патрушевс а, Путинс а магийтарца деллачух тера ду дIаьвша. Со тешна ву, Литвиненко Миллениум отелан бар чохь шен чайна чу тессина долу полоний -210 дIаьвша мелла велла аьлла. Ларамаза ца дина цуо иза, я ша шена тоьхна вала Iалашонца а ца дина. Цунна леринчу Iалашонца дIаьвша даийнера“, - иштта яздина кхелахочуо Оуэн Роберта цу рапортехь.

Литвиненко веран деталаш дуьйцуш кхело билгалдаьккхина, цуо молчу чайна чу дIаьвша тессинарш Луговой, Ковтун вара аьлла. И шиъ цул ши кIира хьалха а гIоьртинера Литвиненкона дIаьвша малон, амма церан цу тIехь аьтто ца баьллера хIетахь, аьлла ду рапортехь.

Еарийдийнахь кхелан сацам юкъараллина бовзийтинчул тIаьхьа дуьненчохь уггаре а коьртачу теманех хилла дIахIоьттина Лондонерчу талламхойн жамIаш. Ма-дарра аьлча, могIарера кхелан балхах къаьсташ бара и талламаш. Классикан кхелан балхах уьш къаьсташ бара церан ладогIамийн кеп хиларца. Ткъа цуьнан Iалашо бехкечарна таIзарш дара яцара, хилларг къастон а, цунна юристийн мах хадон а лаар яра.

Цу Iалашонца и кхел дика ца ларийна аьлла хеташ ву Оьрсийчохь дуккхаъчу шерашкахь Британин векал хилла волу Брентон Тони. БиБиСи агенталлина ша еллачу интервьюхь цуо элира, Литвиненко вийначу деношкахь дуьйна схьа а кхеташ дара Британин урхаллина, цу тIехьа лаьтташ берш Оьрсийчоьнан лакхарчу урхаллин декъашхой буйла, амма цу хIуманна кхоччуш тоьшаллаш кхело хIинца шен рапортехь ца гайтина, аьлла.

Цо билгалдаьккхира, Британино ка ма доллу шога реакци ян еза хIинца рапортехь гучуевллачу факташна, амма цуьнца цхьаьна Москоца зIенаш хедо а мегар дац, аьлла.

Цу юкъана Оьрсийчохь вуно лазаме тIеэйна рапортехь Литвиненко верехь декъа Путин Владимир хиллачух тера ду аьлла Лондонерчу кхело бина сацам. Цу пачхьалкхан Талламан комитето а, арахьарчу гIуллакхийн министралло а шайн сайташна тIехь дIахьедарш зорбане даьхна, Британерчу кхелан сацамаш политикалле бу аьлла.

Шен рогIехь Путин Владимиран пресс-секретара Песков Дмитрийс кхелан болх „квазиталлам“ бара элира, и таллам забарна бина хила мега аьлла тIе а тухуш.

Бакъду, хеттане а забаре ца хетта Британин кхелан сацамаш Малхбузерчу пачхьалкхашна. Британин премьре-министро Кэмерон Дэвида вуно дера дIахьедар дира, рапортан чулацам зорбане баьллачул тIаьхьа. „Пачхьалкхо белшашгIортийна зулам“ элира цуо Литвиненко верах, Оьрсийчоьнна шога жоп далар тIедоьжна хIинца Британина аьлла тIе а тухуш.

Шен рогIехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн урхаллин векал волчу Эрнест Джоша британхойн рапортан хьокъехь ша йинчу брифингехь элира журналисташка, там бу Вашингтоно Оьрсийчоьнна дуьхьал рапортан жамIаш бахьана долуш керла гIуданийн гIулчаш яха, аьлла.