Набахтин неIарех ненан дог деттало

Исаева Асет, Цацаев Тимирланан нана, 2015

Харцоно гурашка лаьцначу адамех а, оцу гурашца къийсам латточех, хьолан бала болучех а, боцучех а...

Москох вехачу, шех Эмин Гера олучу нохчочо кху деношкахь шен Фейсбукерчу агIонтIехь яздинера: «Тахана кхийти со Оьрсийчоьнан кхел харц цахиларх. Каутаров Асланан, Цацаев Тимирланан девнехь хилира со.

5 минотехь тIера бIаьрг ца боккхуш хьийжира со суьдхочуьн бIаьра, оцу юкъанна корта хьала ца айбеш, нахе хьажар доцуш, сихха шена пачхьалкхо тIедожийна ладамбоцу, эхье гIуллакх дерзош санна дийшира цо ша кхелан декъашхошна хазо кечдина кехат.

Амма дог дуьзира сан шина кIантах: Тимирланах а, Асланах а. ТаьIна вацара и шиъ, доьналла, яхь дIа ца луш, велавелла-векхавелла вара…».

ШолгIа шо ду 23-ккха шераш долу Цацаев Тимирланний, Каутаров Асланний Москохарчу талламан изоляторчохь кхобу.

ХIун бахьанаша валийна и ши кIант набахтин бертте? Маршо Радио зIене елира Цацаев Тимирланан ненаца Исаева Асетца.

Оьрсийчохь бакъо лоьхуш, цо тохаза хьаькаман неI йисина а яц, де дийне мел долу дегIера ницкъ кхачош белахь а, дог ца дуьллуш, неI ца къовлуш, вина нана ю кIанте хьоьжуш.

Your browser doesn’t support HTML5

Исаева: "Соьга са а ца туьсуьйту цара..."

Цацаев Тимирланан да нохчаша «цIе ца йоккху» олу лазар а кхетта, дарбанаш лелош вара. КIант лаьцначул тIахьа, иза ца лайна делахь а, еккъа дIа Делан кхел иштта нисъеллехь а, лазар чIагIделлера боху Асета шен цIийнден.

Дас чIогIа сатуьйсура ша валале шен кIант, маьрша а ваьлла, шен бIаьра хьалха хIоттаре. Амма ца кхиина.Тимирланан да кхелхина 3 бутт хьалха.

Ткъа кIантана-м ца хаьа шен да воцийла. Нанас ца хаийтина цунна хIинца а. Асета дуьйцу, ша хIунда кхоийра кIант.

Your browser doesn’t support HTML5

Исаева: "Дас чIогIа сатуьйсура шен кIанте..."

Орца доьхуш кехаташ яздина Исаева Асета президенте Путине а, Кадыровга а, Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула йолчу векале Памфилова Элле а.

Бакъал а теший-те Асет шен кIентан дов цхьана дикачу хьаькамийн бIаьрган Iуналлера а даьлла, лач хьийза кхелехь бохучух?

Теший-те иза ша кехаташ яздинчара уьш доьшур а ду, гIонна гIовттур а бу бохучух?

Your browser doesn’t support HTML5

Исаева: "Суо нана хиларе терра дог доху-кх..."

Цацаев Тимирланан гIуллакх хьочу адвокатца Исхаков Iаднанца а елира Маршо Радио зIене.

Your browser doesn’t support HTML5

Исхаков: "Цхьа а шеко а йоцуш, Iедалан белхахой чубохка богIу..."

Адвоката Исхаков Iаднана цхьа тешам къадийра шен къамелехь, нагахь санна юкъаралло «гIугI» эккхийтахь, дуьхьало ярца, хенаш ца тухуш, мукъаваккха а тарло, тахана бехк боцуш кхеле ийзош, балехь кхобуш волу ши кIант, аьлла.

Юха а дагатосу Эмин Герас Фейсбукерчу шен пенатIехь яздинарг: «Кхаарийдинан кхелан ладегIаршка кхайкхинера шина кIантах дог лозучара Москох бехачу, бахка аьтто болучу нохчашка".

Амма цига ваханарг ца хилла, нана Асет йоцург, Эмин Гера бен.

Я раббана! Адамийн дегнашкара дикалла, къинхетамалла кхачийна теша, цхьанна важа, иза нанас вина вацахь-м муххале а, эшшане а ца оьшучу кхаьчна-те нах?

Вай стенна даьржина-те оццул ойланашца, озабезамашца, вовшашка къадо тарлучу догдикаллица?

Тахана де эшна, воI балано лаьцна, дан амал доцуш, йоьхна хьийзачу нанна-м хьашт дац бехачийн сагIа-ахча, хьал-бахам, рицкъ, цунна оьшург дегнийн йовхо, дешнийн марзо ю, нохчочо нохчочуьнга хIара зама тIекхаччалц, эзарнаш шерашкахь кховдош хилла.

Your browser doesn’t support HTML5

Исаева: "Адам дацахьара хала хир дара суна хIара лан..."

Дика а, вон а, рагI хIоттийна, вовшашца къийсалуш тIедогIу вайна даим а. Цхьаъ тахана воьлучу юкъанна, воьлхуш нисло важа. Харцоно, зуламо, балано тахана туху хьан неI, амма кханнехь туху вукхуьнан неI а.

Ахь тахана де эшначунна накъосталла ца динехь, кхана иза а вогIур вац хьан неIарера бала дIачовхо?

Хаац, хала ду кхета. Хила тарло хIара ойла-м декъаза, еса, кIарге йоцуш.

Иштта кура, цадешаш вовшех, лулахо хIаллакван веъначу чалтачерчу муьшах хьакха саба а кховдош дIадехар-кх вай тIаккха, вайна замано иштта даха пурба мел ло.