Хьонке ца вохуьйту, тов!

Нохчийчоь --Бумматна гонахарчу лаьмнашка хьонке боьлху бахархой, 2016

Нохчийчоьнан СемаIашкарчу цхьана вахархочо шена юьртдас луларчу хьуьнха хьонка баккха ваха еллачу бакъонан скан яьккхина, яржийнера интернетехула.

СемаьIашкарчу вахархочо Фейсбукехь довзийтинчу бакъонан кехато гIовттийна къамелаш кхехчачу юкъанна, гучубелира кхин цхьа хаам - ТIехьа-Мартанарчу бахархойн яц шайн лаамехь хьонке баха бакъо, цунах лаьцна дехкарш а дина кIоштан администрацино.

Нагахь санна, я бохка, я хьайн доьзална пхьор дан дагахь хьонке ваха хьо валлахь, кIоштан дайшкара кехат даккха деза. Цунна тIехь билгалйоккху вахархочун цIе, вина шо, веха юьрт..

Бакъо яккха еза божарша а санна, зударша а.

Наха аьшнашка яьккхинчу ТIехьа-Мартанан кIоштан администрацино, ша бахархойн кхерамзалла Iалашъярхьама юкъаяьккхина хьонке боьлхучийн и бакъо, аьлла.

Iаьнан юккъерчу кху баттахь къаьсттина дукха лела нохчий хьонке.

Цхьаберш лела жил-Iаламе бевлла садаIархьама а, жим-тIама хьогамна кхалла хьонка баккхархьама а.

Амма доккхах дакъа – даима а санна болх-некъ а боцуш биса кхоьллина болу ламанхой – напха, рицкъ хIусамашка дахьархьама, я ма-дарра аьлча, доьзал Iаьнера баккхархьама.

Цхьа зама яра, Нохчийчохь тIемаш хилале хьалха, хIора юьртан бахархой: кегийн нах, зудабераш хьонка гучубаьлча, цхьаьна вовшахкхетий хьонке лелаш.

Муха нислора и «хьонкийн синкъерам», масса дика кхочура хьонкийн муьрехь массарга а дагалоьцу Веданарчу яхархочо Кисас.

Your browser doesn’t support HTML5

Киса: "Тоххара тхайн самукъана лелара тхо хьонке..."

Циггара ву Шемила а. Арахь чилла елахь а, иза-м кху деношкахь а кхиина хьонке ваха. Амма дац боху цо хьалхалераниг аьттехьа а. Шемила дуьйцу.

Your browser doesn’t support HTML5

Шемил: "ДIабовш бу хьонка..."

Йиллина хьонке а лелаш, и бохка а бухкуш, шен доьзална напха а латтош, Соьлж-ГIалахь университетехь доьшучу кIантана гIоьнча а хилла, дикане-вуоне а йоьдуш оцу ахчанца, схьаеанчех ю Сирж-Эвлара яхархо Шахидова Зулай. Цуьнца а хилира Маршо Радион къамел.

Your browser doesn’t support HTML5

Зулай: "Денна оьхура со хьонке..."

...Мел мухха а яртийн хьакамаша бахахь а, царна тахь а, ца тахь а, нохчий бIешаршкахь лелла шайн махкахь хьонке, лелаш а бу, цхьана а тIамех пусар а ца деш, лелар а бу, Дала мукъалахь, кхидIа а эзарнаш шерашкахь.

Цундела тоьлуш дац, бехкамаш а ца хIиттош, Iедало нахана шайн ворхIа дегара схьаэцна леладе текхан ламаст, къоман Iаьанан кхача чукхачо гIо латтийча.